ТIекхочийла долу линкаш

Ал-Кхайдана герга гΙерта Ал-Нусра



Шемарчу гΙаттамхойн ал-Нусра эскаран лидер ал-Йавлани Абу Мохьаммад террорхойх лаьтташ лоралучу ал-Кхайда партина байΙат деш гайтина интернетехула кхаарий дийнахь.

Амма ал-Йовланис харц хаам бу аьлла даржийна, шен эскарш Иракъерчу ал-Кхайда тобанах дΙакхетта бохург. Цо шена тΙеэцна Шемин шахьарахь Демаьшкахь а, Алеппо-гΙалахь а тΙаьххьарчу хенахь дуккха а адамаш а дойъуш дина лелхийтарш.

Дикка хан ю ал-Йовлани дуьнено а терроран охΙла лоручу ал-Кхайдаца зΙенехь ву бохуш дуьйцу. Цхьаьнатоьхначу Штаташа терроран тобанийн тептар тΙе язйичех ю тΙемалойн ал-Нусра тоба.
XS
SM
MD
LG