ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тетчер Маргаретан ларамбеш



Мехкан куьйгалхо лаьттина Тетчер Маргарет кхалхарца доьзна, шен садоΙу мур а хадийна, балха дΙагулъелира Ингалсенан парламент. Консерваторийн лидер, пачхьалкхан премьер-министр Кемерон Дэвид вистхилла Тетчерх лаьцна, цо баьхна кхиамаш буьйцуш.

Ιедална оппозицехь болчу лейбористийн партин хьалханчас Милибэнда Эда шен къамел Тетчеран хьакамаллина критика еш хΙоттийра.


Консерваторийн, парти парламентан харжамашкахь кхузза толаме кхачийна йолу, 87 шо долуш елла «Болата Леди» дΙаюллур ю кху беттан 17-чу дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG