ТIекхочийла долу линкаш

Валлалц набахтехь латтор ву Пятигорскера тутмакх



Ставропол-мехкан лакхарчу кхело хан кхачаяллалц набахтехь кхаба кхачийна Пятигорскехь 9 шо долу Прокопенко Аня, хьийза а йина, ерна а, кхидолу зуламаш дарна а Амбарцумов Владимир.

Стохка аьхка яйна йоΙ лохуш арабевллачу Пятигорскерчу бахархошна Машук-ломан басенца дΙайоьллина карийра иза, тΙаьхьо лецира ша зуламхо а.

Прокопенко Аннел хьалха кхин цхьа йоΙ хьийзорна а бехке вина Амбарцумов.
XS
SM
MD
LG