ТIекхочийла долу линкаш

«Ιаьржачу тептарх» къехкаш, махках буьйлу дагестанхой



Дагестанерчу даьргΙой бехачу Хьаджалмахи-юьртара 33 стаг ведда я вада кечлуш ву шайна кхерамзалла лохуш, хаам бо оцу юьртарчу бахархоша. И нах цхьана бевзашбоцчийн тобано, «вахIабхойн» могΙаршка а баьхна, байъа кхачийна.

ХΙоттийначу тептар тΙе язбинчех 3 стаг вийна хΙинцале. Цхьаъ вийра ши кΙира хьалха цунна кΙело йинчу наха машен чуьра герз а тоьхна – 34 шо долу Маджидов Ιабдулмажид. Хьалхо юьртарчу маьждигна уллехь вийра ноьмарш йоцчу «Приора» машен чуьра герзаш тоьхна да а, воΙ а АхмедовгΙар.

Кхо шо сов хан ю байъа кхачийна нах – «вахΙабхой» бу бохурш, журналисташ, адвокаташ, бакъоларъярхой Дагестанехь дΙабоху. Ιедало шена ца хаьа, чΙагΙдо, и тептар хΙоттийнарш муьлш бу.
XS
SM
MD
LG