ТIекхочийла долу линкаш

Химки хьун ларъян гIерташ дакъаза ваьлла журналист Бекетов кхелхина


Оьрсийчоь -- Бекетов Михаил заьlап гlантахь, Москох Пушкинан майданахь дlаяьхьначу "Хlан-хlан lедалан харц талламна" акцехь, 21Лах2010

Оьрсийчоь -- Бекетов Михаил заьlап гlантахь, Москох Пушкинан майданахь дlаяьхьначу "Хlан-хlан lедалан харц талламна" акцехь, 21Лах2010

Химки-гIалара дарбан-цIийнахь дIаваьлла, 2008-чу шарахь къиза йиттинчул тIаьхьа заьIап висина хилла «Химкинская правда» газетан коьрта редактор Бекетов Михаил. Бекетов, журналист а, Iалам лардархо а вара. Ша кхоьллинчу газетехь цо яздора оьрсийн стоьлан дайша кхьаънаш эцарх а лаьцна. Москохара Петарбухе боьду машенан некъ буьллуш, Химки-хьун хьакхарна дуьхьал ондда дуьхьало йира цо. Талламана жоп ца карийнехь а, цуьнан накъосташна хетарехь, билггал и бахьанехь вала воллалц йиттинера Бекетовна.

2007-чу шарахь Бекетовс шен ахчанах кхоьллина долу «Химкинская правда» газета журналистийн талламаш зорбане бахарца гIараделира. ХIеттахь, цу газетан коьрта тема хилира, Москох-Петарбуха цхьанатухуш, машенийн сиха некъ буьллуш, Iедалша хьакха лерина Химкера хьун. Ма-дарра аьлча, хьун ларъян вовшахкхеттачу боламан лидер хIоьттира Бекетов. ХIинца цу боламан лидер йолчу, Бекетовн уллера доттагIа хиллачу Чирикова Евгенияс дийцира Маршо радиога.

Бекетов Михаил - Химки проектана дуьхьал дlаяьхьначу пикетехь

Бекетов Михаил - Химки проектана дуьхьал дlаяьхьначу пикетехь

Чирикова: Оцу проектана тIехьа лаьтташ коррупци хиларх дуьххьара кхеттарг Миша вара. ХIетахь тхуна башха генара хIума ца хаара цунах лаьцна. Миша чIогIа бакъ хиллера цу тIехь. Журналистан кхетамо дика тIаьхьакхиавора иза цу тайпа хIуманна. ХIунда дара иза ишта? Иза, цкъа делахь, шортта зеделларг долуш вара. Банехь болх бина цо. Десантийн эскаршкахь гIуллакх дина цо. Журналистан дика дешар дешна а вара иза. ТIеман болчехь корреспондент болх бина ву иза. Цкъа веза а ваьккхина иза.

Маршо радио: 2008-чу шеран Лахьанан беттан 13-чу дийнахь Химкехь, шен хIусаманна уллехь цунна къиза йиттира. Кхин дIа дуьйцу Чириковас.

Чирикова: Сан дахарехь уггар ирчаниг дара, Миша реанимацехь гар. Цунах ах йиснера, 50 кийлана азвеллера иза. Цуьнан цхьа ког а, куьйган кхо пIелг а дIабаьккхинера. Ах дегI лелаш дацара. Цул тIаьхьа кхин вистхила ца Iемира цунна. ТIехь пIелгаш дисина куьг лелаш дацара цуьнан. Цундела цуьнга хIумма а яз ца лора. Уггар ла ца луш дерг хIун ду аьлча, Мишина хаара шена тIелатар кечдеш дуйла. Шена цхьаъ хилахь, бехкениг Химки-гIалин администрацехь лаха, аьллера цо.

Маршо радио: Зулам дайтинарш а, динарш кхин ца карийра. Аьлча а, уьш лаха гIерташ къа ца хьийгира талламо. Журналистан дакъаза даьлла дахар, кхин метта ца хIоьттира.

2012-чу шеран Дечкен баттахь Путин Владимира дош делира журналистана, ша Оьрсийчоьнан Талламан Комитетан куьйгалхочуьнца Бастрыкин Александрца къамел дийр ду, зулам таллар сихдайта, аьлла. Цул тIаьхьа бехк-такхаман гIуллакх талламан коьртачу урхалле дIаделира. Ша велла дIавалаллц, Бекетов чIогIа сатесна вара, бехкечунна таIзар дийриг хиларна.

"Химкинская правда" газетан коьрта редактор хилла волу Бекетов Михаил Путинас совгlат даларан церемонехь, Москох, 13Деч2012

"Химкинская правда" газетан коьрта редактор хилла волу Бекетов Михаил Путинас совгlат даларан церемонехь, Москох, 13Деч2012

Шена тIелатар даллалц, хIетахь Химкин мэр хилла Стрельченко Владимир бехке вира, «политикан террор» лелорна а, шена кхерамаш тийсарна а. Цунна дуьхьал, доцург кхоьллина аьлла, стоьлан дас шен кхеле латкъам бира.
Лоьрийн сихачу гIоьнан машенахь кхелан ладогIаршка ихира Бекетов, заьIапан гIантахь.

Бекетов бехке а веш, 5 эзар соьмана гIуда а тухуш йирзира кхел. Амма гIуда такхарх хьалхаваьккхира, зулам даран хан тIехъяларна.

2011-чу шеран Лахьанан баттахь Путинас Бекетовна Iедалан совгIат делира. ГIуллакх дика девзачу наха, гена яьлла сийсазалла лерира иза.
XS
SM
MD
LG