ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Петриоташ лаьтта Сеулан гIаролехь



Луларчу пачхьалкхо ракетийн тΙом болабахь, иза эшон таро ю шен, аьлла дΙахьедина Сеуло. Еарий дийнахь Къилба Корейн тΙеман министран векала Мин Сок Кима, нагахь санна ишттаниг нислахь, шайн Петриот ракеташа ма-доггΙа турс а хΙоттор ду, и ракеташ чу а йохуьтур ю, элира журналисташка.

Сеулан иччархоша бечу хаамца, генна йоьду ши ракета кхосса кечйинчух тера ду Къилбаседа Корейно шайн хΙорда йистехь.

Кхаарий дийнахь Ιамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн тΙеман министра Хейгел Чака, кхерамечу зил тΙе кхаьчна Къилбаседа Корей, амма Вашингтон кийча ю муьлхха а провокаци юхаяккха, элира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG