ТIекхочийла долу линкаш

Кошахь волчунна кхелъеш дац Оьрсийчохь бен



Москохара Тверской кхел кечлуш ю набахтехь кхелхинчу юристан Магнитский Сергейн бехк толлуш дов листа. Цуьнан куьйгалхо хилла Браудер Вильям а ву Ιедална йоггΙу ясакх дΙа цаяларна бехкевеш.

Ткъа ХΙермитаж Кепитал фирмин да Браудер реза ца хилла оцу кхеле ван. 2008-чу шарахь лецира Магнитский, цо 230 миллион доллар лачкъийна хьаькамийн тоба Ιора яьккхича. Бахьане диллира цунна цо ша а зулам дар – шегара Ιедална йогΙу ясахь дΙа цаялар. Шо гергга набахти чохь валлийча, кхелхира Магнитский.

Цхьаболучара чΙагΙдарехь, иза велла набахтехь цунна оьшу лоьралла цадарна. Йолалучу кхелана реза бац цуьнан гергарнаш. Амма веллачу стеган дов хатта долош, цунна адвокат а къастийна прокурораша.

Магнитский кхалхаро Оьрсийн пачхьалкханна адамалла ца тоьаш хилар гойту аьлла хета дуьнанюкъарчу бакъоларъярхойн юкъараллашна а, дуккха а кхечу мехкийн дайшна а. Цунна дара Вашингтонехь Магнитскийн тептар арадаккхар а.

XS
SM
MD
LG