ТIекхочийла долу линкаш

Керрис шаьш ца кхоьру боху Пхеньянах



Ιамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретара Керри Джона товш боцчех лору Къилбаседа Корейно туьйсу тΙеман кхерам. «Хьашт хилахь, шен уьйраш а, ша а Ιалашъян таро ю Цхьанатоьхначу Штатийн, элира цо пΙераскан дийнахь Сеулехь.

Шен пачхьалкхана а, Къилба Корейна а оьшург цхьаъ бен дац – Корейн ахгΙайре зарратан герзах мукъа хилар, бохура цо. Ιаьмеркан иччархоша тидарехь, зарратан герз тоха таро луш гΙирс болчух тера ду Пхеньянан. Амма Пентагонерчу говзанчаша тоьшалла до, Къилбаседа Корейн ракеташ нийса кхетарехь юьззина зийна а яц, уьш муьлхачу агΙор яха мега а ца хаьа, бохуш.

Массех кΙира ду Къилбаседа Корейн лидера Чен Ун Кима шайн мехкан лулахошца йолу юкъаметтигаш тΙеман хьелашка йирзина аьлла дΙакхайкхийна.
XS
SM
MD
LG