ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Магнитскийн тептар» тIе язвина 18 стаг



ЦΙе ца яьккхинчу хьостанна тΙе а тевжаш, 18 стаг ву Ιаьмеркан Цхьанатоьхначу Штатийн Ιедалша Оьрсийчохь адамийн бакъонаш хьешарна «магнитскийн тептара» тΙе дΙаязвинарг, хаам бо информацин агенталлаша. И дан шайн пачхьалкх декхаре йира Ιаьмеркахойн конгрессо.

Магнитский Сергей, оьрсийн адвокат, Ιедална йоггΙу ясакх дΙа ца елла аьлла, лецира 2008-чу шарахь, набахтехь кхелхира шо даьлча. Набахтехь дуккхаза а йиттинера цунна, лоьралла а ца динера. Ткъа ша чуволлале, цо Ιорабаьхнера 230 миллион долларна пачхьалкхана къоладина хьакамаш.

Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретара пΙераскан дийнахь дΙахьедина «Магнитскийн тептаро» эгΙор ю Ιаьмеркан-оьрсийн юкъаметтигаш, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG