ТIекхочийла долу линкаш

Шен коча Ιедал ца деъча ца Ιийра Навальный



ТΙедогΙучу кΙиранах йолало оппозиционеран, интернет-блоггеран Навальный Алексейн кхел. Иза бехке во талламчаша ах-миллион долларна Киров-махкахь хьаькхна хьун йохкарна. Оьрсийчоьнан Талламан комитетан пресс-секретара Маркин Владимира пΙераскан дийнахь ша «Известия» газетна еллачу интервьюхь боху, «Навальныйга хоттург кега-мерсачех дов ду, цундела иза зулам динначехь а хоттур ду».

Маркин къера ву, Ιедал тΙех къамдеш Навальный хьийзарна, иза цо тидаме эцна хиларна. Ши шо ду Навальный Алексейс баккхийчу хьакамаша дина къоланаш, кхидолу зуламаш Ιорадохуш хьийза а, Москох протестан гуламашна хьалха вуьйлу а. Официало бакъ ца до Навальный кхеле ийзор политикаца доьзна ду бохург.

Дахначу кΙиранах Навальныйс телевизионехула хаийтира, ша хенан йохалла президентан дарже кхача хьожур хиларх лаьцна.
XS
SM
MD
LG