ТIекхочийла долу линкаш

Гимрахь кхо гΙаттамхо вийна



Полицино хаам барехь, Дагестанерчу Гимрахь дирзина Ιедалан ницкъийн леринчу операцин коьрта дакъа. Вийна кхо гΙаттамхо. Юьртдас Магомедов Ιела-Асхьаба тоьшалла до, маьрша нах арабаьхначу юьртахь кхин хезаш дац герзаш бохуш.

Еарий дийнан сарахь вийра цхьа тΙемало, лазийнера кхин цхьаъ. Иштта чов хиллера цхьана Ιедалхочунна а. Буса гΙаттамхой гонера бовла гΙоьртина хилла, амма аьтто ца баьллачух тера ду. Гимрана гонахарчу Ιинара хьаладаьккхина вийначу кхааннан а дакъа.

Зийна яланза йолчу полицин информацица кхелхина гΙаттамхой бу – Абдулаев Шемал, Загулиев Ιабдулла, Камилов Илес.
XS
SM
MD
LG