ТIекхочийла долу линкаш

Хала амал йолу "Болатан Леди" Тэтчер Маргарет


Австрали -- Британин премьер-министр лаьтинчу Тэтчер Маргаретан сурт тlехь долу газета, Сидней, 09Оха2013

Австрали -- Британин премьер-министр лаьтинчу Тэтчер Маргаретан сурт тlехь долу газета, Сидней, 09Оха2013

20-чу бIешеран уггар а Iаткъамечух политик яра Британин премьер-министр хилла йолу Тэтчер Маргарет. Борша стага шен амал гайтича, цунах «хила ма-веззара къонах» ву олу. Зудчо онда амал гайтахь, иза «сий доцу зуда» хуьлу. Тэтчер Маргарета ша жима йолуш дуьйна гайтинчу амало аьтто баьккхира цунна Британин премьер-министр хила. Амма цу амало кхузза кхаьчначу лакхарчу даржера йохор а ю иза.

11 шарахь Британин премьер-министран даржехь цо динчу урхаллин кепаш цкъа-цкъа шога а, цкъа-цкъа, ша аьллачунна тIера юха ца йолуш, цуьнан партин декъашхойн политикина тIехь хьовха, царна дуьхьал хиллачу лейбористийн политикина тIехь а лар йитина.

Тэтчер премьер-министр йолуш шаьш, ала дош а долуш, тесна кхаж мехала а болуш, юкъараллин дуьззина декъашхой хеттера могIарерчу британхошна. Шаьш чохь хIусамийн долахой хила бакъо елира Тэтчера низамашкахь байтинчу хийцамаша. ХIеттахь дола яьхначу
British Gas а, British Telecom а компанийн акцийн долахой а хIиттира.

Амма, коьртачу хаттаршкахь Тэтчер ша леринчунна тIера юха ца яларо а, юхаяхалар тIе ца дитаро а, цунах болу хьажам шалха бора. Цуьнан политикина а, цуьнан урхаллин кепана а реза ца хиларо дуьхьал бехира, ур-атталла, цуьнан партин декъашхой а. Ткъа урамашкара хьал - къепедацаршка дерзара.

Тэтчер Маргарет Хильда 1925-чу шарахь ГIадужу-беттан 13-чу дийнахь йина ю Линкольншир элаллерчу Грэнтем гIалахь. Цуьнан да Робертс Альфред хасстоьмаш бухкуш вара. Меттигерчу кхеташонан декъашхо а, методистийн килсехь болчу къанойх цхьаъ а хилла Маргаратен да. Шен йоьIан дахарехь доккха дакъа лаьцна цо. Ша Британин премьер-министр хIоьттича, и толам шен дена лерира цо. Ткъа ненах лаьцна башха ала хIума ца хилара Болатан зудчуьн.

Британи -- Тэчер Маргарет, Торин уггар къона кандидат 26 шо долуш маре яхара Тэтчер Денисе, Лондон, 13Гlу1951

Британи -- Тэчер Маргарет, Торин уггар къона кандидат 26 шо долуш маре яхара Тэтчер Денисе, Лондон, 13Гlу1951

Мачашъярхочуьн кIант хилла волу Робертс Альфред яккхий амбициш йолуш вара. Туьканахь йохкархо волу иза, тIаьхьуо, туьканан долахо хилира. 1945-чу шарахь Грэнтеман мэр а вахара. Иза чIогIа мадаре а, балхана тIера а вара. ХIума вуно атта дагахь Iемаш вара иза. Дийцарехь, Маргаретан и билгало дегара кхаьчнера. Университетехь йолуш цо маситта йозан агIо йийцара жайнин тIе а ца хьожуш, шеца терахьаш а, факташ а йолуш.

Минот а эрна яйъар дезаш вацара Маргаретан да. Туьканахь болх беш воцчу хенахь, экономикан а, политикан а книгаш йоьшуш хилара иза. Я, шен шина йоьIана цхьаъ Iамош хан яккхара. ШолгIа Дуьненан ТIом боьдучу хенахь, радиочухула британин тIеман кеманаша тIе бомбанаш кхуьйсу гIаланаш юьйцуш, карта схьа а доккхий, шен берашца и меттигаш билгалъяхара цо.

Оксфордерчу Сомервилл-колледжехь Iалам довзаран Iилманаш, ма-дарра аьлча, хими Iамон яхара Маргарет. Оксфордерчу университетан Консерваторийн ассоциацехь иза кхоалгIа гIантда-зуда хилира. Цигахь цхьанненца а доттагIалла ца тасалора цуьнан. Шена хетарг, юьхь-дуьххьала дIаалара. Шеца къовсало стаг къарвина, охьавиллалц, юха ца ялара. Шен дахарехь цу амало дукха новкъарло йийр ю цунна.

Дешна яьллачул тIаьхьа иза Колчестер-гIала яхара Маргарет, пластикан сурсаташ дечу компанехь болх бан. Циггахь, Консерваторийн партин меттигерчу декъехь жигаралла а гайта а хIоьттира.

1949-чу шарахь къона политик Кент элаллера Дартфорд гIаларчу парламентан харжамашка яхара. Амма цуьнан аьтто ца белира депутат хила я 1950-чу шарахь а, я 1951-чу шарахь а. Делахь а, Консерваторийн партера уггар къона кандидат йоллушехь, лейбористашкара шортта аьзнаш схьадехира. Цул сов, хаамийн гIирсаша тидаме ийцира.

Оцу юккъешхула, шен доьзал кхолла а ларийра къона политик. 1951-чу шарахь иза маре яхара, зудчуьнца дIасакъаьстинчу хьоладега Тэтчер Деннисе. Университетхь доьшуш йолуш, цхьана элийн доьзалерчу кIантаца тасаделла захало дохийра кIентан дас-нанас. Царна ца йийзира стоьмаш бохкархочуьн йоI. Цхьа жимма Маргарет хIилла долуш хиллехь, цуьнга дог эцалур дара церан. Амма и амал цуьнгахь аьттехьа йоцуш яра.

1953-чу шарахь барристеран белхан говзалле а кхечира иза. Барристер – Британехь лаккхарчу кхелашкахь а цхьаьна болх бан бакъо луш йолу адвокатан говзалла ю. Оццу шарахь шала дина йоIа а, кIант а дуьненчу делира Тэтчерийн доьзалехь – Кэрол а, Марк а.

Цул тIаьхьа а политикан дахарехь жигара дакъа лецира Тэтчер Маргарета. Делахь а, 1959-чу шарахь хиллачу парламентан харжамашкахь бен къоман векалан мандат ца кхечира цунна. Ша университетехь доьшучу хенахь санна, парламентехь а нахе бийца мотт ца карабора къона политикана. И бахьанехь дукха нахана ца езара. Делахь а, жима а, къона а, дешна а йолчу зудчо шена тIе тидам озабора. Цундела консерваторша хьалхатеттара иза, зударийн-харжамхойн озабезам хиларе сатуьйсуш.

Цхьана шина шарахь консерваторийн Iедалехь министран гIоьнчин дарж делира Тэтчерна.

1965-чу шарахь сэра Дуглас-Хьюм Алека консерваторийн лидеран дарж Iад дитича, Хит Тэдан кандидатурина гIортор йинчу Тэтчерна, лаьттан а, хIусамашна дола дарца а доьзначу хаттаршкахула векал йира.
Iедалша елла хIусамаш а, петарш а шайн дола яхийтарна жигара болх болийра цо. Йоккха ял яккхарна цо ондда критика йора лейбористийн Iедална.

1970-чу шарахь Хит премьер хIоьттича, Тэтчерна дешаран министран дарж делира. Цуьнца цхьана оцу хьукхматан харжаш лахъяр а тIедиллира. Дикка туоха а елла, уггар хьалха цо сацийра, Британерчу школашкахь 7 шаранна тIера 11 шаре кхаччалц долчу дешархошна Iедалан чотах луш хилла шура. Цунах дика бахьана а хилла, лейбористаша хаза нехан санна онда къийсам болийра цуьнца. ЦIе а елира – Шура лачкъорхо аьлла.

Тэтчера шура сацон сацам бечу хенахь, Британехь хаза нехан санна кризис яра. Нехан белхаш бацара. Министр йолчу Тэтчера бахарехь, мехаза луш йолу шура дIакхуьсуйчу новкъахь яра. Цуьнан хьесапехь, тIом чекхбаьллачул тIаьхьа дешархой чIогIа хийцабеллера. Царна езарг шура яцара, кола дара. Цундела, хьашт доцу, харжаш хуьлу хIума дара цо дIадаьккхинарг. Амма, наха шена эр дерг дицдинера цо. Харц яьккхина хилла и гIулч дуккхаза а дуьхьал ер ю цунна шен балхахь.

Кхин бакъдерг хIун дара аьлча, ша юьхьарлаьцначу хIуманах чIогIа тасалуш Iедал дара цуьнан. Шен дешаран министран хьашташна тIекхача гIерташ, цо лелийнарг цхьана а министро ца лелийнера. Цунах лаьцна алара: «Къамел а доцуш, иза чIогIа похIма долуш ю. Амма нахаца бульдозер санна ю иза. Иза цхьа жимма кIеда-мерза елхьара пайда алсам хир бара». Амма Маргарета иза лерех а ца хьокхура. Я, ша ца хьокху моттийтара. «Цкъа а ма гайта юкъараллина, хьайн халахеттийла. Юкъараллин гIуллакх дан волавеллехь хаа деза, хьо хьаьшна дIавоккхург хилар», - алара цо.

Оццу хенахь Iедалехь парламентехь долчу дийцаршкахь иза ша а дуьхьал яра мехаза йолу шура. «Суна дика зеделларг хилла цунах, - бохуш яздира Тэтчера тIаьхьуо. Политикехь цхьа жимма бер болчу пайдех суна политикан агIора, хила ма-ллун, зе хилира».

ХIеттахь дийца долийра, цкъа мацца цо Iедалан урхалла дийр ду бохуш. Амма Маргарета иза керстадира шен цхьана телевизион интервьюхь. Шена а цкъа гур юй те Британехь зуда-прмьер-министр, элира цо.

Хитан Iедал дукха ца лаьттира. 1973-чу шарахь маьхкадаьттан кризис иккхича, кIирнахь белхан кхо де юкъадаккха хьаьжира Хит. Амма кIорабаккхархоша шуьйра болийначу гIаттамаша йожийра цуьнан министрийн хIусам.

1975-чу шарахь партийн лидеран харжамашкахь толам баьккхира Тэтчера. Йоккхачех йолчу политикан партин куьйгалхо, Британин исторехь дуьххьара зуда хилира иза.

Британин премьер-министр Тэтчер Маргарет куьг лестош ю дарж караэца Даунинг стритера офисана чоьхьа ялале, Лондон, 04Сти1979

Британин премьер-министр Тэтчер Маргарет куьг лестош ю дарж караэца Даунинг стритера офисана чоьхьа ялале, Лондон, 04Сти1979

1976-чу шарахь Советан пачхьалкхана критика а еш, цо къамел динчул тIаьхьа, цхьана советан газето «Болатан зуда» аьллера цунах.
этчер Маргарет, Консерваторийн партин цхьанакхетарехь къамел деш: «Малхбузерчу дуьненан Болатан Леди», «Шийлачу ТIеман тIеманхо», Амазон-ТIемало а, ур-атталла, Пекинехь карчам кечбеш ерг» а. ХIаъ, вайна дахаран некъан бух а, маьршонаш а, Iалашонаш а ларъян аса деш долчунна царна и цIе тилла лаахь, хилийтахь. «Царна» аса олучу хенахь, аса бохург Оьрсийн ТIеман министраллин накъостийн а, вайн тIеман министран а тамашийна барт бу. Уьш паргIат бу сох шайна луъург ала, нагахь санна, оьрсийн тIеман ницкъ чIагIлуш хиларх уьш тешаш бацахь».

Политик хилла ца Iаш, хIусманан а йолчу цунна дика хаара, могIарерчу инфляци бохург хIун ду. Iедалан харжаш яц а еш, иза дуьхьал елира, хаддаза гIатамаш а, кхин йолу акцеш а ечу белхахойн берташна. 1979-чу шарахь, «сингаттаман Iа» аьлла цIе яханчу хенахь, уьш гена бевллера.

Британин исторехь дуьххьара зуда премьер-министр хилла йолу Тэтчер Маргарет, шел хьалха а цкъа а, цхьа политик ца ваханче йоьдуш Iедал долуш яра. Цул сов, тайп-тайпана нахаца цхьанакхетарш дора цо.

Иштта, Нохчийчохь маьршачу харжамашкахь дуьххьара президент хаьржинчу Масхадов Асланца а цхьанакхийтира иза Лондонехь.

Масхадов Лондоне кхайкхинарг Robertson Associates компанин куьйгалхо Робертсон Патрик вара. Британерчу Iедалша официала ца леринехь а, Масхадовн визит лакхарчу тегIанехь дIаяьхьира.

1998-чу шеран Зазадоккху беттан 9-чу дийнахь Масхадов а, цуьнан кIант Анзор а, кхин а делегаци а яхара Британе. Маршо радионо Анзоре дийхира, цу цхьанакхетарх лаьцна дийцар.

Анзор: Паччахь коьртехь волуш вай Нохчийчура делегаци яханера. Цигахь масех хаттар дара царна а, вайна а пайдехь долуш. Вайна пайдехь дерг - дуьнена юкъа довлар, дистхилар, инвестицеш яр. Сан нана цига ца еанера. Сан ден ши-кхоъ гIоьнца вара, Вачагаев Майрбек вара, Бисаев, Теркибаев вара - иза сурт доккхуш, шен болх беш вара. "Президентан некъ" боху программа еш вара иза (телевизионехь). Нухаев Хожа-Ахьмад вара. Цуьнан гIоьнца а вара.

Маршо радио: Масхадов Лондоне вахале хьалха, 97-чу шеран гуьйранна Нохчийчохь хиллера Консерваторийн партин ахчанна тIехьожуш хилла волу, Шотландерчу паччахьийн тIахьенах волу лорд Макалпайн Алистер а, Робертсон Патрик а. Лордийн палатехь хиларал совнаха, хьолада а вара. Цара Соьлж-гIалахь нохчийн Iедалшца протокол кечдинера, шаьш дан леринчуьн хьокъехь. Нохчийчура энергица мел йоьзна индустри цхьана ханна пайда эца британхойн караяла дагахь дагахь яра Соьлж-гIала. Цул сов, Азербайджанера оьрсийн Новороссийск гIала нохчийн латта тIехула маьхкдаьтта тотту биргIа а яра луш цхьана ханна. Шен агIора, Британера векалш Нохчийчоь меттахIотторан фонд кхолла лаам болуш бара, тIамо хIаллакьйина экономика метта а хIоттош.

Цунна лерина шортта цхьанакхетарш хилира Лондонехь, бохуш дуьйцу Анзора кхин дIа а.

Анзор: Дукха цхьанакхетарш дIадаьхьира оха. Суна дика дагадогIу иза. Оксфорде (университете) дахара тхо. Шортта нохчийн студенташ бара цигахь. Туркойн диаспора яра керла дина маьждиг схьадоьллуш. Сан дас и маьждиг схьадиллира. Тэтчер Маргаретца а цхьанакхийтира. Хьоладайшца а, Лордашца а цхьанакхетарш хилира.

Маршо радио: Лондонехь нохчийн байракх тIелатийначу «Ягуар» машенахь дIасалийлира Масхадов Аслан. «Риц» хьешан цIийнахь суьйре йира Британин премьер-министрца Тэтчер Маргаретца. Я Оьрсийчоьне а, я ша яьккхина Нохчийчоьне а озабезам ца беш дIадаьхьира и цхьанакхетар Тэтчера. Цо а, Масхадовс а Нохчийчохь адамаш лечкъорца доьзна хаттар дийцаре дира.

Анзор: Цхьа цхьанакхетар чIогIа дика дагадогIу суна. ХIума кхоллуш Iийра тхо цхьаний. Вайн нохчийн делегаци а, ингалсхой а, Тэтчер а яра.
Тэтчерс цхьа хала хаттарш айира - цуьнан бехк а бацара иза. Оцу хенахь вай цIахь закъалтана лачкъийна бигина бара Ингалс махкара а, Керлачу Зеландера а белхахой. Уьш стенгахь бу ца хууш, лоьхуш вай а дара.
Цхьа хIума а дара. Тэтчер Маргарета элира - и чIогIа дика дагадогIу суна - "шаьш гIо дийр ду шуна, амма, шайна оьшург схьаала, адамаш лечкъош болу нах совцон шаьш гIо дийр ду. Амма бакъду, царах цара ахча дехахь, шаьш и ахча лур дац", элира цо.
Юха, вайн делегаци Лондонехь а йолуш, и нах байира. ЧIогIа къиза а байира. Сан дена дуьхьал дина хIума а дара иза. Вайн пачхьалкхана дуьхьал, вайн къомана дуьхьал а дина хIума дара иза. Вайн цIахь кхин дIа а тIом дIабаха кечлуш хиллера уьш (оьрсийн Iедалш).

Маршо радио: Интернетехь ган йиш йолу Тэтчеран а, Масхадов Асланан а сурт даьккхинарг Теркибаев Ханпаша вара. Халахеташ делахь а, и суьрташ ца дисна я Масхадовн доьзалехь а, я цхьана архивехь а. Циггахь ду, царшинна уллехь лаьттачу Теркибаевн сурт а. Амма иза монтаж ю бохуш чIагIдо Анзора.
Ала дашна, Теркибаев, Москохарчу Дубровкера театр закъалте лоцуш, Бараев Мовсаран тоба чуйигинарг а, цу чуьра дийна араваьлла веккъа цхьа нохчо а ву. Йийначу оьрсийн журналисто Политковская Аннас «Новая газетехь» зорбане яьккхира, ша Теркибаевгара эцна интервью.

Теркибаевх боккха пайда эцнера Кремло, Нохчийчура тIамехь шен Iаьржа гIуллакхаш лелош. Гарехь, Кремлца йолчу зIенех воккхавевора иза ша а. Дийцарехь, цуьнгахь тоьшаллаш хилара оьрсийн Iедалийн тайп-тайпанчу урхаллийн. Нохчочунна цхьана гIалара вукху гIала вахар а вуно чолхе долчу хенахь, цара цунна аьтто лора муьлххачу а Iуьргах чекхвала. Амма бакъдерг Теркибаевс шеца эхарте дIадаьхьна. 2003-чу шарахь ГIуран баттахь иза а, цуьнца машен чохь хилла кхин а 4 стаг кхелхина некъан бохамехь, аьлла хаам бира оьрсийн Интерфакс» агенталло.


Британин премьнр-министр лаьттинчу Тэтчер Маргаретан шира суьрташ, Консерваторийн партин Лондонан къилбаседехьа йолчу Финчлера штабехь йолчу Тэтчеран цlарах йолчу хlусамехь, 10Оха2013

Британин премьнр-министр лаьттинчу Тэтчер Маргаретан шира суьрташ, Консерваторийн партин Лондонан къилбаседехьа йолчу Финчлера штабехь йолчу Тэтчеран цlарах йолчу хlусамехь, 10Оха2013

Амма, Нохчийчоьно дуьненца таса гIерта уьйраш маьттаза йохуш, дуьнено а маьрша леринчу харжамашкахь хаьржина Масхадов бакъволу президент ца веш, цуьнца цхьана, нохчочуьн цIе бехъеш, ма-хуьллу Оьрсийчоьно жигара дIаяьхьначу политикано дохийра ша-дерриг а.
Цу декъехь дара Британица таса ца делла гергарло а.

Дахарехь баьхна кхиамаш а, хилла халахетарш а


Баронесса Кестевенская цIе елира Тэтчерана, иза схьаяьллачу Линкольншир элаллерчу меттиган цIе ю иза. 1995-чу шарахь – Уггар тоьллачех йолу, Британин къонахчуьн лаккхара орден елира. Цхьанаметта 25 стеган бен йиш яц Британехь и сий деш елла цIе лелон.
Мемуарийн шиъ том язъйина цо, оццу хенахь политика а лелош.

2001-чу шарахь шен могушалла галъяла йолаелча, политикан дахар дерзон йолаелира Тэтчер. Маситтаза коьртера лазар хьаьдча, юкъараллера ялар сацаде аьлла, лоьраша хьехар дира цунна. Цул сов, цуьнан йоIа Кэрола 2008-чу шарахь ма-аллара, хIума дицдолуьйту деменци-цамгар а кхеттера цуьнан ненах.
2003-чу шарахь цуьнан цIийнда Деннис кхелхира 88 шо кхаьчча. Иза велча цо аьлла дешнаш дагахь кхеташ дара. «Премьер-министр – цхьалхачу стеган болх бу. Цхьана агIра-м ишта хила а деза: цхьана тобанна юкъара урхалла далур дац. Амма Деннсица со цкъа а яцара цхьалха. Ма стаг вара иза. Ма адам дара иза. Ма доттагIа вара.»

Шен нуьцкъала зудчуьн дарж муха ду а хууш, Маргаретан IиндагIа дара цуьнан цIийнда Деннис. Цхьацца забаре хIума а дуьйцу цунах лаьцна. ГIаролах хIоьттина волу иза, чуьра аравала сихваьлччехь, ахча а, кехаташ а дицдина араваьалла хиллера. Банкехь кехаташ доццушехь, ша премьер-министран цIийнда ву аьлла, ахча эца хьаьжчи, банкан белхахочо чIогIа цатешаш хеттарш динера цуьнга – «газеташкара хьайн суьртех тера а вац хьо,» аьлла.

Юха, цкъа мукъа такси ца карийна, коьртана телхина нах дIабига, дарбан-цIийно лаьцначу автобусана чу хиина хиллера. Дархошца лорйиша чоьхьаяьлча, цо хаьттина цуьнга: «ХIинца хьо мила ву?» ХIокхуо ша «премьер-министран майра ву» аьлча, хIумма а цец ца йолуш, иза а цхьана вагарвинера, кхечарца.

Шен зудчо Британина урхалла дечу хенахь, Деннис гольфах ловзара, шен уьйтIарчу бай тIехь.

Шен цIийндел тIаьхьа цо уггар лоруш волу стаг вара Iамеркан президент хилла волу Рейган Роналд. Дениис велла шо даьлча иза Цхьанатоьхначу Штаташка яхара шен уллера дотттагIа а, политикан накъост а хиллачу Рейганан Роналдан тезете.

О’Салливан Джон: Ша дагалаьцна хIума кхочушдеш тасалора Тэтчер


1986-чу шарахь дуьйна, 1988 шо кхачалц, Британин премьер-министр хиллачу Тэтчер Маргаретан Даунинг стритерчу офисехь цуьнан лерина хьехамча а, цуьнан рапорташ яздеш а хилла ву журналист О’Салливан Джон. Тэтчер цу даржера дIаяхча, цуьнца цхьаьна Тэтчеран мемуараш язъйинчу шина журналистех цхьаъ а ву иза. Маршо радион кхочушдаран редактор а, вице-президент лаьттинчу О’Салливанца къамел дина Маршо радион корреспондента Хизер Маара.

Маршо радио: Британин премьер-министро Кэмерон Дэвида аьлла ББСига, «Тэтчер Маргарета тхан пачхьалкхана урхалла дина ца Iа, цо тхан пачхьалкх кIелхьараяьккхина», аьлла. Муха кIелхьараяьккхира цо Британи – аьлла дара уьххьарлера хаттар.

О’Салливан: Британи, коьртачу декъана, экономикан агIора кIелхьараяьккхина цо. Иза премьер-министран дарже хIоьттинчу хенахь, (1979 шарахь) «реза ца хиларан Iа» дIадаьлла хан яра. Хьуна дагадогIуш хила там бу, хIетахь Британин маьI-маьIIехь гIаттамаш бара. Ливерпулехь белларш дIабухкуш бацара, Лондон нехех йоьттина яра. Лейчестер майданахь а яра нехаш. Даге лазарш оьхуш болу дархой юхаберзабора дарбан-хIусамашкахь лаьттачу пикеташа. И кхо масала ду. Амма юкъара аьлча, дан амал ца хиларна, Британи уьшала южуш яра. Цхьа ондда гIулч яра яккха езаш.

Тэтчер маргарет O'Салливан Джонца а , цуьнан хlусамненца Мелиссица а Лондонерчу Реформан клубехь, Чил2009

Тэтчер маргарет O'Салливан Джонца а , цуьнан хlусамненца Мелиссица а Лондонерчу Реформан клубехь, Чил2009

Цо кхо хIума дира. Уггар хьалха цо низам хийцира, белхахойн берташна а, церан декъашхошна а тIехьажа таро лучу кепара. ШолгIа, ахчан барам совбаккхар сацийра; ахчан мах а тобира. КхоалгIа, бахам долабаккхарехь а, экономикан маьршонехь а, дуьнено а масала оьцур долу революци ян хIоьттира иза. Наха приватизаци юьйцучу хенахь, царна Британера Тэтчер хьахон дицло. Иштта, акционерийн класс кхоьллинера, цул хьалха цкъа а оцу кепара бахам ца хиллачарна юкъахь. Лар юьтуш болу хийцамаш бира цо Британерчу юкъараллехь. Иза Iедале еана итт шо далале, дуьненарчу нуьцкъала итт экономикех 4-ниг яра Британи.

Маршо радио: Иза чIогIа а бIобулуш хиллачух тера ду ша динчух. Цо цкъа аьллера «со консенсус лоьхуш политик яц. Со баккъалла а тешаш йолчу хIуманна дуьхьа лелаш йолу политик ю.» ХIун дара цунна тIе цуьнан ойла яхийтинарг?

О’Салливан: Иза Ингалс мехкан провинцехь хьалакхиина ю. Хасстоьмаш бухкуш хилла цуьнан да. Цо гуттар алара, шен ден туьканахь болх баро, шен экономикан хьажарна тIеIаткъам бина. Оцу балхо либералан экономикан хьалхара хIума довзийтина шена, олий. Кхеташ ма-хиллара, шен теореш цо тIаьхьуо академикан тIегIанна тIе ехира.
ШолгIа, иза методист яра. Цуьнан жималлехь Ингалс махкахь хилла, мелла а шогуо йолу керста динан кеп яра, дика гIуллакхаш даран. Керста динан оцу кепе яханера иза. Онда методист а яра иза. Ша елла дIаяллалц, чIогIа тешаш стаг яра иза. Динан билгалонаш цо ца лелайора, амма цунна коьрта дара и дин. Керста динера теолого, англиканийн мозгIаро Уэсли Джонан дешнаш олуш хазахетара цунна: «Хьайга мел даккхалуш дерг даккха, хьайга мел ларлуш дерг ларде, хьайга мел далало, дIало». Суна хетарехь, цу тайпа керстанийн амалшца яьхна иза.
Маршо радио: Дуккха а нахана езаш яра иза. Амма дуккха а нахана бIаьрга схьаян ца езара – Iаламате тамашийна стаг яра иза. Ур-атталла, шен Тори партера а дIаяхара дийзира цуьнан, ца езар бахьана долуш.

О’Салливан: Кхеташ ма-хиллара, дуккха а девнашкахь дакъа лаца дезна цуьнан. Цунна хаа а хаара иза, къийсара цо. (Партера) ДIаяха дезар, гуш долчу бахьанашца хилира. Амма цуьнан сий ца дожийра цо. Иза тIехьаьжча а гуш дара. Ша, чIогIа майра амал йолуш яра иза. Дика къийсадаларш а, аргумент а езаш яра иза. Ша бакъ хиларх тешна а яра. (Партера) дIаяха дезнехь а, цунна боккха тIеIаткъам ца хилира цунах. (хадон)

Маршо радио: Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президентан Рейган Роналдан йоккха доттагIа яра иза. Цунах къа – шен цIийнда Деннисал тIаьхьа, шен дахарера уггар маьIне стаг ву алара цо иза. Хьуна дагадогIий, цершиннан доттагIалла муха доладелира?

О’Салливан: 1975-чу шарахь иза консерваторийн лидер хIоьттина кIира, я шира даьллачул тIаьхьа доладелира доттагIалла. Вуьшта, Лондоне веана вара Рейган, иза ган веана вара иза. Цхьаьний цхьа ах сахьт даккха дезаш дара и шиъ. Цхьа сахьт ах сахьт я, ши сахьт даьккхира моьтту суна царшимма. ХIетахь цо сацам бинера, ша цуьнца уьйраш латтор ю аьлла. Цо а изза сацам бина хиллера. Ишта доладелира.

Амма баккъалла а политикан уьйраш тасар 1981- шарахь доладелира, Тэтчер шен цIахь боккха Iаткъамна кIел йолчу хенахь. Иза дуьххьара Вошингтоне яханчу хенахь, Рейганан дукхах болу белхахой иза цунна геннахь латтон лууш бара. Амма, цо иза ца дира. Цунна гонаха йоккха гIовгIа яьккхира цо. Iедалан цIарах суьйре йина ца Iаш, цо Британи вола аьлча, тIелецира. Протоколана дуьхьал долу и хIума президенташа деш ца хуьлу. Цул сов, цунна тIехула куьг а даьккхира цо, «Тхо цхьатерра хIума деш ду, тхо нийса а ду» бохург олуш санна. Хазачу доттагIаллин юьхь яра иза цунна а, Рейганна а.

Амма и шиъ гуттар а къуьйсуш хилара. Доккха дов ца хилара цунах, амма, боккъалла а тасалора и шиъ. Амма, шайн ма-хуьллу, нахана юкъахь деладелла, декхаделла хилара.

Маршо радио: Историко Олдос Ричарда яздинера шен «Рейган а, Тэтчер а: юкъаметтигийн чолхенаш» цIе йолчу жайни тIехь, церан уллера хилар, дикка кечъйина моттаргIанаш яра. Ур-атталла, Европа коммунизмах паргIатъяккхаран политикехь а. Рейганал а оьгIазе хила лууш яра Тэтчер, амма ший а Москохана удьхьала бертахь хила лууш дара.

О’Салливан: ХIаъ, дукха хIуманна тIехула барт ца хилара цершиннан. ХIетахь иза мелла а чIогIуо яра Рейганал а. Юха Рейган хилара ишта. Масала, Советан пачхьалкхера маьхкадатта тотту биргIа Германе йигар сацочехь иза ондо вара. Тэтчер, берта кIел куьг таIийна хиларе терра, дуьхьало ян ца хIоттара цунна. Цул сов, Британехь дуккха а белхаш кхерамна кIел нислур бара. Цхьаьна цадараш дара дера. Фолклендшкара тIамехь а бара. Iамерка Гренадина чугIортарехь а дара. Амма и башхаллаш шайна юкъахь къастайора. Атлантикан Альянсахь цкъа а цхьана ца дараш ца хилла. ХIетте а дукха гIортор йора цо Рейганна. Масала, Малхбузера Европехь Iамеркан ракеташ хIитточу хенахь – цо боккъалла а гIо дира шийлачу тIамехь толам боккхуш. Оцу массо хIуманна жамI дича го, дукха хьолахь, шиннена а пайдехь дара и доттагIалла.

Маршо радио: Масех тIаьхьара шо Юккъерчу а, Малхбалерчу а Европехь даьккхина ахьа. Цигахь дуккха а наха 1980чу шерашкахь Тэтчер шайн маьршо ларъйина стаг лору. Иза хIинца а ишта дуй?

О’Салливан: Иза нехан маьршонаш ларъярхо яра. Сан къамел хилла дукха болу нах, чIогIа там хуьлуш бара и бакъдерг тIечIагIдеш. Цул сов, барт хиларна йоккха гIортор еш йолу стаг хилла ца Iаш, оьшучу хенахь диссиденташна гIортор а йора цо. Цуьнан хьехамца Британин арахьарчу гIуллакхийн министр ша Полше вахана волуш, кеманна тIера охьа ма-воьссина, режимо вийначу Попелушко Йежин коша тIе хIотта вахара.
Цундела, хIаъ, уьш хилла хIуманаш ду. Британин Iедалехь коьрта ницкъ бара иза, Советан пачхьалкхан коммунистийн Iедална онда критика ечех. Эххар а, коммунисташна дуьхьал дечу онда дIахьедаран деклараци а яра иза.

Маршо радио: Ишта яра Британин премьер-министран даржехь кхаа муьрехь лаьттина зуда Тэтчер Маргарет.
Нехан дегнашкахь цо шалха ойланаш йитахь а, иза гуттар а юьсур исторехь, Британи когаш тIе хIоттош, шел а хьалха цхьа а дан ца ваьхьнарг дина йолу Iедалан нуьцкъала гIуллакххо санна.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG