ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Магнитскийн Акт": Кадыров Рамзан а, кхиберш а


Chechnya -- An Instagram screenshot of Ramzan Kadyrov.
Chechnya -- An Instagram screenshot of Ramzan Kadyrov.

ПΙераскандийнахь Ιамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа Оьрсийчохь халкъана дуьхьал зуламаш дина нах юкъалоцуш, вовшах а тоьхна, Ιорадаьккхинчу «Магнитскийн актна» дуьхьал «Гуантанамон тептар» арахецна Оьрсийчоьно. Важа а санна, Ιамеркахойн 18 стагах лаьтта оьрсийн арахьарчу гΙуллакхийн министралло тептарх гучудаьккхина дакъа.

Оцу юкъабахийтина Гуантанамо-гΙайритΙехь Ιаьмеркан эскарийн декъан коьртехь лаьттина инарлаш Миллер Джеффри а, Харбесон Джеффри а, Штатийн президентан чоьнан куьйгалхо Ιийна Эддисон Дэвид а, къайлахчу сервисан агент Коулман Грегори а, цхьаццаболу суьдхой а, зуламаш таллархой а.

Ιаьмерко арахецначу «Магнитскийн акта» тΙехь ву Нохчийчоьнан администратор Кадыров Рамзан а, кхин а ши нохчо а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG