ТIекхочийла долу линкаш

Iамеркехь толлуш ду Бостонехь хилла лелхарш


ФБР-о куьйгалла а деш, Бостонехь дина лелхийтарш толлуш ду Iамеркехь. ТIеххьара болчу хаамашца, вийна 3 стаг, шайна юкъахь бер а долуш. 140 стаг лазийна ву. Царах 17 вочу хьолехь ву.

Ши эккхийтар дина селхана ламасте йолу Бостонера марафон дIахьош. Цкъачунна уьш шаьш дина аьлла, гучубевлла нах бац. Обама Барака хилларг теракт яра ца аьлла, таллам дIахьош хилар билгал а даьккхина.

Бостонехь лелхарш хилар бахьана долуш Нью-Йоркехь а, Вашингтонехь а, кхин йолчу гIаланашкахь а чIагIйина кхерамазалла.
XS
SM
MD
LG