ТIекхочийла долу линкаш

ТIемалоша доладечу ярташкара куьйгалхой дIабовла беза аьлла Абдулатиповс


Шайн территори тIехь тIемалой лела муниципалан куьйгалхой балхара дIабовла беза аьлла, дIахьедар дина Дагестанан куьйгалхочо Абдулатипов Рамазана. Интерфаксо дийцарехь, Абдулатиповс масалла санна далийра Гимры а, Губден а эвланашкахь хIоьттина хьал. Цо дийцарехь, цу ярташкахь низамца йоцу тобанаш ю меттигерчу администрацийн метта лелаш.

Абдулатиповс бинчу хаамца, Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министро Колокольцев Владимира шен векалш хьажийна Дагестане, меттигерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь долу хьал талла.

Кест-кеста кхочу Дагестанера цхьацца эвланашкахь а, хаьннашкахь а леррина тIеман операцеш дIаяьхьна аьлла болу хаамаш.

Абдулатипов Рамазан хIоттийна Дагестанан куьйгалхочуьнан декхарш кхочуш дан Дечкен-бутт чекхболуш, цу даржехь хилла Магомедов Мохьмадсалам, Оьрсийчоьнан президентан администрацин куьйгалхочуьнан когаметта а хIоттийна.
XS
SM
MD
LG