ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркехь толлуш ду Бостонера лелхийтарш


Бостонехь марафон дIахьош хилла эккхийтарш шайна тIе ца лаьцна хIинца а цхьаммо а. Цуьнах лаьцна дIахьедар дина Цхьанатоьхначу Штатийн Федералан Талламан Бюроно. Талламхоша дийцарехь, ялгIох пайда а оьцуш, куьйга йина бомбанаш хилла Iаьржачу тоьрмигаш чохь.

Шалха эккхийтар дина Бостонехь Оршотан дийнахь. И бахьана долуш вийна 3 стаг. 170 гергга стаг чевнаш йина ву. Бостонехь хилларг "кIиллойн терроран акт ю" аьлла, дIахьедар дина Iамеркан президенто Обама Барака. КIайчу ЦIийно бинчу хаамца, Обама Бостоне ваха дагахь ву Еарин дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG