ТIекхочийла долу линкаш

Ялхийтта стаг вийна Пакистанехь


Мел лахарра а 16 стаг вийна Пакистанехь, эккхийтар а дина. 35 стаг чевнаш хилла ву. Лоьраш дийцарехь, беллачеран терахь алсам дала мегаш ду, лазийначарна юкъахь еза чевнаш йина нах алсам хилар бахьана долуш.

Экххийтар дина Пешевар гIалахь «Къоман Авами партин» агIончийн президентан харжамашна хьажийначу митингехь. И тIелатар шаьш дина аьлла, дIахьедар дина тIалибаш.

Президентан харжамаш хила безаш бу Пакистанехь Стигалкъекъа-беттан 11-чу дийнахь. И де герга мел гIерта а алсам долуш ду цигахь адамаша вовшашна ницкъ бар.
XS
SM
MD
LG