ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тэтчер дIаюллуш церемони хилла Лондонехь


Лондонехь Веза Павлан килсехь дIайирзина Британи премьер-министран хиллачу Тэтчер Маргаретан сийна хьажийна йолу панихида. Тезетехь дакъалоцуш яра Британин паччахь Элизабет ШолгIаниг а, кхина 170 пачхьалкхера веана 2 эзар сов хьаша а.

Цу церемонин кхерамазалла ларйеш вара 4 эзар гергга полисхо. Тэтчерна кремаци йина.

Тэтчер Маргарет елла кху беттан 8-чу дийнахь. Цуьнан дара 87 шо. Тэтчер Британин Iедална куьйгалла деш яра 1979-чу шарахь дуьйна, 1990-гIа шаре кхаччалц. Иза дуьххьарлера а, тIаьххьара премьер-министр зуда яра Британин.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG