ТIекхочийла долу линкаш

Бостонехь лоьхуш ву террорхо Царнаев


Бостонехь лехийтарш дарна бехке болу нах Нохчийчоьнца боьзна бу аьлла, хаам бина Малхбузерчу зорбанан гIирсаша. Буьйцурш бу ву вежарий ЦарнаевгIар Тамерлан а, Джохар а. ХIинца дийна волчу Джохаран 19 шо ду. Цхьа шо хилла уьш Iамеркехь беха.

Хьалхо хаам бинера, Бостонехь марафон дIахьош эккхийтарш дарна бехке хила мега аьлла, лоьхуш волу стаг вийна полицино, герз а тоьхна аьлла. Бостонна гена йоццуш йолчу Уотертаун-гIалахь операци дIхьош ю теракт йина а аьлла лохуш волу шолгIа стаг схьалоцуш.

Полицин комиссаро Девис Эда динчу дIахьедарца, иза шеко а йоцуш террорхо ву. Бостонехь марафон дIахьош, финишан сизан уллехь ши эккхийтар а дина, вийна 3 стаг. 170 сов стаг чевнаш йина ву.
XS
SM
MD
LG