ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тбилисехь арабевллера Саакашвилин агIончаш


Эзарнаш президентан Саакашвили Михаилан агIончаша манифистаци дIаяьхьна Тбилисехь. Цара айина яра Гуьржийчоьнан а, Евробертан а, НАТО-н а а байракхаш. Цу акцин декъашхоша юх-юха а мохь туххуш яккхара президентан цIе.

Митингехь къамелаш динчара дIахьедарш дора, махкахь керла оппозицин болам кхолла беза бохуш. Стохка ГIадужу-баттахь хиллачу парламентан харжамашкахь Саакашвили коьртехь волу болам ийшира Иванишвили Бидзинас куьйгалдечу «Гуьржийчоьнан сатийсам» боламна.

Керла президентан харжамаш хила безаш бу Гуьржийчохь кху шеран ГIадужу-баттахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG