ТIекхочийла долу линкаш

Камерунехь дIахецна Францера доьзал


Камерунехь маьрша баьккхина «Боко хьарам» цIе йолчу тIемалойн тобано лачкъийна болу фрнацузахойн доьзал. Еарин дийнахь Камерунан Iедалшка дIавелла цу доьзалера 8 стаг. Царах диъ бер ду. Хаамийн гIирсаш дийцарехь, уьш кхерамазаллехь бу. Кхин билггал хилларг хIун ду дуьйцуш дац Iедалша.

Францин бахархой дIалийцинера зуламхоша Камерунан Къилбаседехь Нигерица долчу дозанехь. Францин бахархошна тIелетарш дарна кхерам алсам баьлла Францин эскарша Малихь тIеман операци дIайолийначул тIаьхьа.
XS
SM
MD
LG