ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бостонерчу полицино лаьцна Царнаев Джохар


Бостонерчу полицино дIахьедар дина, цу гIалахь марафонехь эккхийтар дина аьлла шаьш лоьхуш хилла 19 шо долу Царнаев Джохар лаьцна шаьш аьлла.
Полицин векалша дийцарехь, иза дийна ву. Карарчу хенахь Царнаев дарбан хIусамехь ву.

Хаамийн гIирсаш дийцарехь, иза лечкIина хилла Уотертаун-гIалахь цхьана хIусаман кертахь долчу жимчу хинкеман чохь. ХIусамдас полице хаам бина хилла, цигахь шена цIий гина аьлла.
.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG