ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ондда мохк бегийна Китайхь


Ондда мохк бегийна Китайхь, Сычуань-провинцехь. ТIаьххьара болчу хаамашца и бахьана долуш велларг ву 130 гергга стаг. 5500 стаг лазийна ву. Бохам хиллачу кIошташкахь хедийна тоьхан серий, йохийна хин кхачо йон биргIанаш.

Мохк бегор хаалуш дара луларчу провинцишкахь а. 2008-чу шарахь Стигалкъекъа-баттахь а хиллера Сичуанехь ондда мохк бегор. Цу хенахь вийнарг вара 90 эзар гергга стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG