ТIекхочийла долу линкаш

Москох дуьхьалонан акци дIаяхьа дагахь ю Оьрсийчура оппозици


Стигалкъекъа-беттан 6-чу дийнахь Москох Болотная майданахь буьйлабала а, митинг дIаяхьа а дагахь бу оппозицин координацин кхеташонан декъашхой. Цара айина лозунг хир ю «Маршонехьа»!

Цу тайпа сацам бина цу кхеташоно Шоьтан дийнахь. Твиттерехь цу хьокъехь бинчу хаамехь аьлла ду, оьшуш долу дехар хьажор ду шаьш Москох гIалин Iедалшка кху беттан 22-чу дийнахь аьлла.

Цу акцин декъашхой буьйлалур бу Калужская майдан тIера, Якиманка урамехула Болотная майдане кхаччалц.
XS
SM
MD
LG