ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Серби Европан Бартана юкъаэца дагадовларш долон бакъо елла Европан Комиссино


Европан Комиссино магийна Серби Европан Бартана юкъаэцаран хьокъехь долу дагадовларш долор. Тахана Европан Комиссино даржийначу рапорто бахарехь, Косовоца юкъаметтигаш нисъян Iалашонца, ладаме гIулчаш яьхна Белградо. Косовохула Европан Комиссино кечдинчу рапорто хаам бо, цу агIора шена тIедехкина хилла декхарш кхочушдина Приштино а, аьлла.

Хьалхуо Сербин Iедало къобалъйинера, Европан Барто юкъарло а лелош, Белградан а, Приштинана а юкъаметтигаш лортIе ялоран хьокъехь болчу бертан проект. ХIинца и документ тIеэца дезаш ю Сербин парламент. ХIокхул а хьалха и план къобалъйина Косован парламенто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG