ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ОвхIан пачхьалкхехь НАТОн беркема закъалтана лаьцна ша боху Талибано


Талибанан зорбан серкетаро бахарехь, цара закъалтана лаьцна ОвхIан пачхьалкхан малхбалехьа охьахиинчу беркеманна тIехь мел хилларг.

Air Charter Khorasan олучу овхIанхойн хIаваан кеманийн компанино бечу хаамца, кIиран дийнахь хенан хIоттам вуо хилар бахьанехь, Логар провинцехь беркема охьахао дезнера церан. Туркойн а, оьрсийн а стоьлан дайша чIагIдарехь, цу тIехь мел лаххара а, 8 туркойн инженер а, цхьаъ оьрсийн пилот а хилла. Кхин цхьа овхIанхойн пилот а вара боху.

ХIетте а, Талибанан векало МуджахIида Забиуллаа электронан почтехула баржийначу хаамо и «беркема НАТОн долахь а ду, цу тIехь 11 эскархо вара» а боху. «Уьш массо, дийна боллушехь шайн кара а баькхина, мехкан кхечу кIоште дехьа а баьхна», аьлла ду цу тIехь.

Шен дIахьедарехь, беркема чудожийна дара, юха тIалибаша иза дагийра, аьлла Талибанан векало. Талибанан векалша дуккхаза а дина, тIахьуо бакъ ца хуьлуш долу дIахьедарш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG