ТIекхочийла долу линкаш

«НАТО- Оьрсийчоь» тIаьххьара кхеташо: «жигара къамел дира», амма жамI дац


НАТОн инарла секретаро Расмуссен Андерса бахарехь, «НАТО- Оьрсийчоь» тIаьххьарчу кхеташонехь хиллачу цхьанакхетарехь «жигара къамел дира», амма дуьхьало ечу ракетийн хьокъехь цхьа а, хIара ю аьлла, гIулч ца яьккхина.
Тахана Брюсселехь цхьанакхеттера НАТОн арахьарчу гIуллакхийн министрш а, оьрсийн арахьарчу гIуллакхийн министр Лавров Сергей а.

Тахана Iуьйранна министрша дийцаре дира Шемахь лаьтта хьал. Расмуссена дIахьедар дира, НАТО чIогIа саготта ю Шемахь химийн герз лелорна, аьлла.
Лавровс а, Iамеркан пачхьалкхан секретаро Керри Джона а шина агIонан дагадовларш дира. Керрис Гергарчу Малхбале йинчу визитца а догIуш, цершиннан цхьанакхетарехь йийцаре ян езаш яра Шема.
XS
SM
MD
LG