ТIекхочийла долу линкаш

Иракъера шиIатийн а, суннитийн барт ца хуьлу, цIий Iена


ШиIаташа урхалла дечу Иракъан Iедалера суннийн дешаран министро Тамим Мухьаммада шегара дарж охьадиллина, цу мехкан къилбаседехь, Хавиджа гIалахь кхерамазаллин ницкъашна а, митингашка арабевлла хиллачу сунниташна а юкъахь тасадалар хиллачул тIаьхьа. 27 стаг велла, 70-нна чевнаш йина боху. Беллачарна юкъахь ши эскархо а ву.

Дечкен баттахь тоьхна йолчу, Хавиджера лагерна чоьхьа а лилхина, дуьхьалонан акци дIахьуш болу нах лаца хьаьвсинера полисхой.
Полицино чIагIдарехь, экстремистийн цхьана тобанна юкъабогIуш хиллачу суннийн тIемалошан дуьхьал еш яра и операци.

Биъ бутт сов хан ю Иракъерчу сунниташа акцеш дIахьон. Оцу наха бахарехь, аль Малики Нурин Iедало царна ницкъ бо.
XS
SM
MD
LG