ТIекхочийла долу линкаш

Канадехь дан кечдина хилла эккхийтар чехк ца даьлла, бусулба нах сема хилар бахьанехь


Канада -- VIA Rail цlерпошта дlайоьдуш ю Цхьаьнакхетаран Станцера, Торонто, Онтарио, 22Оха2013

Канада -- VIA Rail цlерпошта дlайоьдуш ю Цхьаьнакхетаран Станцера, Торонто, Онтарио, 22Оха2013

Бостонехь лелхийтарш хиллачул тIаьхьа масех де даьлча хаам баьржинера, Канадерчу Торонто гIалахь террорхой эккхийтарш дан кечдуш хилла, аьлла. ХIинца баржинчу хаамашца, и зулам дан дагахь хила тоба меттигерачу бусулбачийн семалла бахьана долуш гучуяьлла хилар. Азимова Сийлахас дуьйцу цунах лаьцна.

Охан беттан 22-чохь хаам баржийра Канадерачу полисхоша, шаьш ши стаг лаьцна, махкахь терроран тIелатарш дан кечлуш хилла волу, аьлла. Цара дийцарехь, Раед Джасер а, Чихеб Эсегхаер а цIераш йолу и ши жима стаг Нью-Йоркера Торонто гIала йоьдуш йолу цIерпошта эккхийта дагахь хиллера.

Полисхоша чIагIдора, и шиъ ГIажарийчохь жигара долчу „Аль-Къаида“ тобан декъера хьехарш оьцуш хилла, церан тIеIаткъамца лелаш а хилла, аьлла.
ХIинца коста даьржина, и ши стаг лаца аьтто баьккхинарш Торонто гIалара бусулба нах хилла, аьлла. Дийцарехь, меттигерачу маьждиган имам волу Муххьамад Роберт Хефт вара иза, цу лаьцначу шина кIантах цхьаъ, Джасер Раяд, шеконе а лерина, цунах лаьцна хаам полисхошка бинарг.

Цуо ша Iамеркерачу NBC News телеканале динчу къамелаца, цуо имамалла дечу маьждиге оьхучу бусулбачарех массийтамо тидам бина хиллера, Раядан леламехь а, цуо дечу къамелашкахь а уьш шеконе баьхна йолу зуламан хьу хилар. Цара шайн шеконаш имаме йовзийтинера, ткъа цуо шен декхар леринера полисхошка хаам бан.

„Вай, бусулбанаш, ваьш хила деза кхерамазалла ларъяран уггаре а хьалхарчу могIаршлахь, вайн декхар ду и тайпа зуламаш, уьш хилла довлале, гучудаха а, цу Iалашонца Iедалхошца цхьаьна болх бан а," - элира цуо шен къамелехь, ша а, шен маьждиге оьхуш болу бусулбанаш а Канада шайн даймохк а хеташ, иза а, цигара бахархой а, уьш муьлха а дин лелош белахь а, дукха а безаш, машаре нах бу, аьлла, тIе а тухуш.

Торонто гIаларчу полисхойн векало а дина официала дIахьедар, меттигера бусулбачийн семалла бахьана долуш йисина зуламхойн Iалашо кхочуш ца хуьлуш, аьлла.

Цу юкъана, лаьцна волу шиъ шайн бехкана мукIарло деш вац. Цара шаьш лацар гIалат ду, бохуш, чIагIдо, цхьа а эккхийтарш дан шаьшшиъ лерина вацара, бохуш.

Иштта ГIажарийчоьнан куьйгалло а дина дIахьедар, Канадехь лаьцна ши стаг шайн махкарчу тобанашкара омранца лелаш вара бохург дацаре деш. ГIажарийчоьнан урхаллин векало элира журналисташкахь, шайн пачхьалкхехь радикалан суннитийн тоба ларалуш йолчу „Аль-Къаидин“ векалш бу бохург аьттехь а бакъ дац, аьлла. Цуо карладаьккхира, ГIажарийчура бахархой а, цигара Iедал а бусулба динан шиIатийн кеп лелош хилар.
XS
SM
MD
LG