ТIекхочийла долу линкаш

Навальнегахьа къуьйсучу адвокаташа дина дехар юхатоьхна Кировера кхело


Оьрсийчура оппозицин векалан Навальный Алексейн а, хьоладен Офицеров Петран а гIуллакъ къасточу кхелехь гIантда волу суьдхо Блинов Сергей реза ца хилла кхелера дIавала. Оцу кепара, Навальнегахьа къуьйсучу адвокаташа дина дехар юхатоьхна. Адвокато Михайлова Ольгас кхел йозуш ца хиларна шек ю ша аьлла дина дIахьедар юхатуьйхира Блиновс. Хьалхара ладегIарш дIадахьа а, гIуллакхан документаш листа йоцу хан а, тоъал тоьшалла ду, кхелан хьалххе дуьйна кхеле озийнарш бехке хеташ хиларна, элира Михайловас.

Оьрсийчоьнан президент ваха лууш волу Навальный бехке веш ву, «Кировлес» компанин бахам лачкъорна юкъахь хиларна. Ша Навальный тешна ву, кхелан гIуллакх политикан бух болуш хиларх.
Охан-беттан 17-чу дийнахь хилира кхелан хьалхара ладогIарш. Навальный бехке каравахь, цунна 10 шо кхайкхор ду набахтехь даккха.
XS
SM
MD
LG