ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сребреницехь бусулба нах хIаллакбарна къинтIера довлар дехна Сербин президенто Николич Томислава


Сербин президенто Николич Томислава къинтIера довлар дехна, шен пачхьалкхо 1995-чу шарахь Сребреницехь бусулба нах хIаллакбарехь дакъа лацарна.

Охан-беттан 23-чу дийнахь Белградехь цхьанакхеттачу хенахь, Боснерчу бусулба нехан лидеро Изетбегович Бакира кхайкхам бира, Сребреницехь 8 эзар гергга бусулба борша нах байарх долу жоьпалла тIелаца, шина пачхьалкхан юкъаметтигаш нисъян а, кхин дIа кхион а хьашт долу гуллакх ду иза, аьлла.

Балканашкахь болчу шен лулахошца юкъаметтигаш тояр, Европан Барто Серби шена юкъаэцаран билламех цхьаъ бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG