ТIекхочийла долу линкаш

СинIаткъаман цамгарийн дарбан-цIийнахь 38 стаг ваьгначул тIаьхьа, Оьрсийчура дарбан хIусамаш таллар тIедиллина оьрсийн могушаллин министро


Москохана йистера дарбан хIусамехь цIе а яьлла, 38 дархо веллачул тIаьхьа, цу хьукхматехь цIе яьлча хаам беш болу гIирс хIоттийначу «Тешамалла» компанин документаш схьадохуш ду Iедалша. Компанин куьйгалхо леван вигна. И аьлла хаам бина Оьрсийчоьнан Талламан Комитето.

Дарбан цIенна уггар уллехь долу цIеяйархойн дакъа 52 чаккхарма генахь ду. Цундела, цIеяьллачул тIаьхьа, сахьт даьлчий бен ца кхаьчна уьш бохам хиллаче.
ПIераскан буса цIе яьллера Дмитровский кIоштара Раменский эвлахь йолчу, синIаткъаман цамгарийн дарбан-цIийнахь.

Ши дархо а, цхьа лорйиша а кIелхьараяьлла. Вуьйш, молханаш ондда наб кхетийтина хиларна, сама а ца бовлуш, белла. Хьалхара верси ю, тоькан сара тIеттIа кхетар бахьанехь цIе яьлла, я цхьаммо ледарло ялийтина, бохург.

Мел йолу дарбан хIусамаш таллар тIедиллина, Оьрсийн могушаллин министро Скворцова Вероникас. Охан-беттан 27-гIа де тезетан де хир ду Москох йистехь.
XS
SM
MD
LG