ТIекхочийла долу линкаш

Transparency International организацина тIедиллина «арахьара агент санна» язъялар


Дуьненаюкъарчу Transparency International организацина оьрсийн бюрона варе дина Москохарчу прокуратуро, «арахьара агент санна» язло, аьлла. И аьлла оьрсийн хаамийн агенталле хаам бина цуьнан куьйгалхочо Панфилова Еленас.

Цо бахарехь, шайн бюро, политикан гIуллакхаш лелош хиларе терра, арахьара кхочуш ахчанаш делахь язъяла еза организаци, аьлла ду кехата тIехь. Панфиловас чIагIдарехь, церан бюро арахьарчу ахчанах болх беш яц. Цундела уьш латкъам бан дагахь бу.

Яханчу гурахь тIийцира Оьрсийчохь, арахьара финансаш оьцуш йолу организацеш «арахьара агенташ» санна дIаязъялар тIедуьллуш долу низам. Иза кхелашкахула дIадаккхийта Iалашо йолуш ю, Оьрсийчура харжамашна тIехьожуш йолу «Голос» организаци.
Москохарчу кхело 300,000 сом гIуда тоьхна цунна «арахьара агент» санна яз ца яларна.
XS
SM
MD
LG