ТIекхочийла долу линкаш

Европера нохчех хIунда къехка Нохчийчура Iедало Европе деша хьовсийна студенташ?


Британи - Оксфорд университет

Британи - Оксфорд университет

Москохана муьтIахь долчу Нохчийчура Iедало студенташ хьовсабо Европе деша. Амма церан цхьана амалх цецбевлла бу бухара нохчий – цIера Iедало бахкийтина студенташ уьйраш таса ца хIутту бухарчу нохчашца. Цуьнан кIорге кхиа хьаьжира Маршо радион Британера корреспондент Дуби Анзор.

2008 шарахь хиллачу шай конференцехь, Кадыров Iедала Kхетош-Kхиоран а, Iилмани а Министер волчу Музаев Анзора дIахьедар динера, аренца Iилма лаха билгала биначу кегирхошка, Малхбузехь, шайна хетарехь, болу сингаттамах а, цу хьокъехь шайна цаьргахь дезандериг а, дезандоцуриг а дIахоуьйтуш:

«Тхуна массарна а – Нохчи Республикан президентана а, Iедална а, шу дерриш а Британи таьптари-чоьнаш а, спорт-чоьнаш а, лекци-чоьнаш а чу лела луъур ду, ойлайукъе а, хьашт йоцу кегийчу нехан клубашка чул а! Иза къайле яц – Британи хецна юкъаралла йолуш, ойхьаза меттиг хилар. Моссо а динаца долчу хIумане демократичухула хьовсу шаьш бохуш – цара хIуъа а магош ду цигахь. ТIкъа иза гIо агIо дерза а тарлуша хIума ду.

Цундела, аша Британехь дицмадойла шай ерриг а Iалашо дуьнена Iилма лахар бен цахилар!» - олуш, гIаьххьа кхерам тосуш санна, къамел динера хьалхо Нохчи Пачхьалкха Университета ректор а лаьттина волучу Музаевс, республикера хаьржина Британи а, Гегмани а деша хьовсош болчу кегирхошка – бохуш дуьцу «Universityworldnews» олучу хаъмин гIирсо.

Шаьш хьаляцнарг 10 шарана программа ю. Доьххьарчу шарахь 50 герга мутIелим вахийтина Ингалс махка, 40 герга Германи а. ТIкьа и программа кхачамболуш дIайоьдуш хилахь, хIора шарахь 100 вахийта дагахь ду Iедал, аренца деша. Шай хьалхара Iалашо, керла, дуьненахь а къобул беш говзанчаш кхиор ю. ТIакхха и говзанчаш Нохчи махка йухабоьрзур бу, шайца кхачам болуш говзаллаш а йолуш, шай махкана а, адамана а пайде хила. Мот Iамочу юкъана £400 баттахь ахча а кхочур ду царна, тIкъа цул тIаьхьа, университеташкахь метигаш царна нисбелчи, церан ахчанаш а тIе кхетар ду. – элира, Кхетош-Кхиоран Министраллехь балхахь волучу Саидов Заурбека.

ТIкъа, официалf доцуш кхи хабараш ду Британерачу вайнахана юкъахь лелаш – кхузахь болучу нохчех ма деттало, иза мегардолуш хIума дац, аьлла, Соьлжа-ГIаларчу Iедало дIахаийтина, боху цу мутIелимнашка.

И “хьехар” цу кегирхоша дикка дIалаьцначух тера а ду. Кху Британехь бехачу ГIлагIаша а, Нохчаша а кхоьллиначу “Вайнах Фаундэйшен” олучу диаспорин гулбаларшка богIуш а, йа тIамо бохийна кхуза кхаьчначу вайнахаха кхеташ а хаълуш а бац вай махкара Кадыров Iедало деша бахкийтина мутIелимаш. Луъуш хила а тарло царна, ам хIуьттуш бац – цу зIенех дикка ларлуш бу уьш. Шайна иза могийтур долуш дац – цIахь хьовзам баларна кхоьру шаьш, аьлла жоп делла меттигаш бу цу кегирхоша кхеташонга шаьш кхайкхича. Амма, хIун ду Кадырован Iедало сагатдеш дериг? ХIун ду царна вайнахах беттабелчи Iама тарлу вонарг? Хетарехь, цуьнан жоп Музаевн багарачу дешнел а кIоргехь ду.

Ше цIе юззина яккха цалуъуш, соьца телефонехь вистхиллачу, Лондона цхьана университета мутIелим волчу Хьумида, ишта дицира шена хетариг: “Со деша Iалашо йолуш стаг ву. Политика а, интервьюш а сан бала болуш хIума дац. Ам, Рамзана хIара аьтто цабинехьара, кхуза кхача таро а яцара сан а, дукхачу нехан а. Цунна Дела реза хийла! Иза воцуш, цигахь (Iедалехь) кхи стаг хилча, цера тха бала а кхочур бацара. Кхечу (России) регионашкахь долчу хьоле хьажчи хуъур ду Рамзана вай къомана деш долу гIуллакх. Кхин ала хIумаъ дац.” – элира Хьумида. “Хьо вуй, дешна ваьлчи Нохчи махка вуха верза дагахь?” – аьлла аса диначу хаттарана, “Дера ву! Сан нана а, жима йиша а ма ю цигахь ехаш.” – олуш, тIечIагIдеш жоп делира мутIелимо.

“Шаьш цу берин (мутIелмин) кортошна чу дуьллу хIума цхьаммо шеконе дилларна кхеруш бу Кадыров а, цуьна го а. Кхи совнах хIума дешархошна довзийта лаъац цу Iедална. Царна тахана безараш, хеттараш а цадеш, охатаьIина болх беш нах бу – лай амалехь деза царна адам. Уръаттал Бусулба дин а шаьш санна бен наха лело луъуш дац тахана Нохчи къома коьрте нисбеллараш. КадыровгIарна шай Iалашонаш Iуналла дан муьтIахь нах оьшу тахана. Дуьненахь а легализаци езаш лела уьш. ТIкъа вай кегирхой дешуш хилар – дика хIума ду. Царех иттех стаг бен цахилахь а, шай къомана бала а болуш, бакъ-харц къасто хьекъал а, доьналла а долуш нах хира бу. Адамин тахана дан амал цахиларах, кхане ю вайна ган езариг. Цунах со тешна ву.” – элира, 2007 шарахь, тIамах ведда, шен доьзалца Британи кхачна волучу, Зайндис.

ТIкъа Iедало бахкийтина боцуриш а бу Британехь вайнах, доьшуш а, дешна бевла белхаш беш а. Кхузахь дIатарбеллачу неха наггахь а карош вац университете кхачанза, я кхача ойла йоцуш доьзалхо. Цул совнах, бакхийнаш шаьш а бу доьшуш. Царех ву, Лондонех веха, 4 бера да волу, Асланбек. Шен чура массех стаг оьрсаша а, Кадыров Iедало а хIаллак вина, тIепаза вайъина волчу Асланбека, вайнеха таханлерачу хьолах шена хетариг ишта довзийтара:

“Муьлха а хIуманехь санна цхьа пайда боцуш яц тахана Нохчи махкахь лаьттачу Iедало лело политика. ГIишлош йар а, некъаш дахкар а, бераш деша дахийтар а, шеко а йоцуш дика хIуманаш ду, къоме диллича. Суна дика а хета цу вай кегирхойн деша аьтто баьлла. Иза вай дерриг а къомана пайде карордолуш хIума ду. Ам цунах Iехавала цаоьшу. Iедалаш а, адамаш а, догIуш – доьлхуш ду, ам къам даиман а лаьтташ ду.

Кхун тIяхьарчу 5-шарахь, кест-кеста, цIа вахар-вар нисло сан. Дукхха а хIума тадина а, нисдина а дика а хета дагана. Ам, ше къомах дуьззина доглозучу стагана хаъа езаш а, лело езаш а кхи агIонаш а ю. Уьш КадыровгIарна тахана гуш яц, аьлла хета суна. Машар бу Нохчичохь, бохуш, адам Iада а дина латтош ду, шайна болу цатам бица меттиг а боцуш, и баланаш чукъилина айпе а дерзина. Цхьа агIо юзош ю, хьера яллал, важа агIо кIелла бIарзъелла Iа.

Тахана, вай тидам а боцуш, махкахь социальны классаш ю кхоллалуш. Захалонаш а вовше бен деш бац цу классашкара нах. Нохчи къам политики тIехь а, дина тIехь а декъна ца Iаш, “буьзина”, йа “меца” – аьлла къаьсташ ду къам. Хьо Кадыров гонах хьакхавеллехь, йа хьо Хоси-юртара валахь “декъала” ву хьо, ам вацахь, дан дисина хIумма а дац. Болх бан а, йа иза бича, хьан хьакъ хьадалан а меттига кIеззиг бу.

Хьо дIа а хIоттале белхах бокхха мах бала беза, тIкъа и белхаш а Iедалерачу наха вовше, “йиш-ваша” аьлла дIасаделла ду. Коррупцино якххина Нохчичоь. ТIкъа шаьш буьзина хилча, дериг а къомехь изза хьал ду моьттуш Iаш вай Iедлехь бериш а бу. Кадыровна ша, къомана дукхавеза муттийта цуьнан гоно, ам иза генна ишта дац – дукхха а адам холчахь ду тахана белха меттигаш цахиларна а, доьзалашна да амал цахиларна а, тIе, Iедало лелочу харцонна. Уьш хьера бевла. Шай дуьненахь бехаш нах бу уьш – адамана генахь бу.

Цхьана агIона цIий а Iуьдуш, важа агIо юста а еш, таеш яц къома кхане – иза мухле а кхиош керла дов ду. Сега хаьттачи, ша бокъал а Нохчи къомана дага чохь виса луъуш валахь, шена а, ше дена а “предатель” аьлла цIе йита луаш а вацахь, Кадыровс дан дезаш ши хIума ду:

Хьалхара – Нохчи къома дьоххьара президент, шен да Ахьмад-Хьажа Кадыров хилла, бохур хийцар ду

ШозлагIа – Президент Масхьада Аслана дакъа оьрсашкара хьа а дехна, иза Нохчи махкахь лаьтте кховдор а ду

Дерриг а дуьне тIехьоьжуш а долуш, Нохчи къомо шозза бина харжам – Дуди Джовхар а, Масхьада Аслан а – цу къома дахарах а, озаллех а арахь вита гIертар хьекъале хIума дац. Барт хирболуш хIума а дац иза.
Кадыров Ахьмад цу къома озаллин юкъа вало шайна лаъахь, иза къомо хаьржина а ву цара бахахь, царна безариг барт машар а балахь, иза кхозлагIа патчахь бен хуьлуш вац вай къома. Къома коьртехь нисвеллачу стага, къома ойла ю йан езариг, оьрси реза ба гIерташ – шел муьтIахь стаг вац, бохуш Рамзан санна а цалелаш.

ТIкъа, Аслана дакъа дIадолланза мел лаьтта, массо а нохчочунна тIехула кхозуш доккха эхь ду, аьлла тешна ву со тахана. Леррина вай къам сийсаза дан дина хIума а ду иза. Вай цунах цакхета кху сохьта, ам кхана вай тIяхьенаш вайна бехке дуьллур ду иза. Эшара юкъара дешнаш дIа ца кхиссало, олу оьрсаша, тIкъа вайга и дешнаш дIа кхиссийта гIерта уьш.

Иза го суна вайнеха барт хиларан бух. Со а, кхи, со санна болу дуккха а нах а кхетар бара таханлерачу Кадыров Iедало, шай политики юкъа и ши хIума мукъна а далийча, цунах барт хила а тарлора. Ам цера коьртехь кхи “баланаш” бу кху сохьтехь. Нохчалла а, Бусулба дин а айдо шаьш, бохуш, цу шиннах а адам мухле агена докххуш бу КадыровгIара тахана. Ам цхьа агIо охьа а таIийна беш бериг барт а бац, ишта йоьду хан – машар а бац.

Нохчи махкахь, тIаьхьарчу 20 шарахь, лаьттачу хьола а, вай къомехь болучу балана ойла йан со хиача, сан ойлано шина декъе дIа-схьа оза во со – сан синах, сан кхетамана мостагI а хуьлу. ТIкъа тахана сай сина хетариг човха а дина, баланах къурд а бина, кхетамо бохучунна со тIе тевжича, ишта го суна вай хьал.” – аьлла дерзира Асланбека шен къамел.

Асланбек а, Хьамид а, шиъа нохчо ву. Цхьаъ тIамо вохийна, цIинах а, цIарах а вакххина лелаш стаг ву, ам важа, цавоха амал долуш ву, нагахь вай кхета герга далахь. Ишта бес-бесара бу Британехь доьшуш а, бехаш а болу вайнеха кегирхой а, цера ойланаш а.

Дуби Анзор

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG