ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Корейхь Iедал карчо гIертарна кхеле озийна Iамеркахо


Къилбаседа Корейн хаамийн агенттало бечу хаамца, Iамеркан махкахо кхеле лур волуш ву, кхечу зуламашца цхьаьна, Пхьеньянера Iедал карчон а гIерташ вара, аьлла. Корейра Коьрта Телеграфан агенталло хаам бина, стохка лаьцна волу Байе Кеннет, Къилбаседа Корейно а, Оьрсийчоьно а цхьаний белхаш дIахьучу, лерринчу экономикан зоне а вахана, даханчу шеран Лахьан-баттахь схьавеанчул тIаьхьа лаьцна ву, аьлла.

Оцу агенталлин хьесапехь, ша «Къилбаседа Корейн Iедал карчо гIерташ» хиларна къера хилла иза. Кхело цуьнан бехк тIечIагIбахь, цунна вен кхел йогIу цигахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG