ТIекхочийла долу линкаш

Боинг 787 Dreamliner юха а тIемадаьлла


Дуьненарчу хIаваан кеманийн компанеша караладаьккхина Боинг 787 Dreamliner цIе йолу, некъахой дIасалелош долу кема лелор. Кхаа баттахь юкъахдаьккхина дара цара пайда эцар. Цу кеман аккумуляторца доьзна кхачамбацарш гучудевллера Японехь. Эфиопийн Эйрлайнз компанино шоьтан дийнахь и кема кхиамца дIахьажийра шайн коьртачу гIалара Аддис-Абебера, Кенин коьртачу Найроби гIала.

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн некъахой дIасалелоран Феделаран урхалло деношкахь къобалбинера, Боинг 787 кеман конструкцехь бина хийцамаш.
XS
SM
MD
LG