ТIекхочийла долу линкаш

Интернетан заманахь болчу аьтонашца шайн Даймахкахь хуьлчунга хаддаза хьажа йиш ю хIинца оьрсийн паччахьан заманахь Гергарчу Малхбале дIакхелхинчу нохчийн тIаьхьенийн. Юьхьанцара, муьлхха а сурт гича дог тохалора церан. Амма, тIаьхьа-тIаьхьа цигахь лелочунна тIаьхьакхиа боьлча, цецбовла хIума карадо царна. Масала, телевизионехь Соьлж-гIалара «адамех доьлла» жинаш дIадоху лазартне гича.

Нохчийчохь инзар воккху хIуманех жинаша йинчу цамгаршна дарба дан йиллина лазартне ю.

Юкъ-кара Нохчийчохь цхьацца кхайкхабо хаамаш чIогIа тамашена хета Урдунера нохчашна. Делан Салам хуьлда, Дела Элчано лелийна зока Нохчийчу кхаьчна боху телефизйонаш чухула схьа гойту шатлакхаш, Израилера Iаьрбийн нохчий бу бохуш, нохчийн Iедалан нах цига эхар, нохчийн Авлияашкахь, адамашкахь хилийла боцу ницкъаш, уьш дерраш дукха башха хета Урдунера нохчашна.

Амма уггар цецвоккху хIума, нохчийн чохь жинаш цомгаш бина дархошна дарба лелон дарбанчоь ю. Вайн динехь кхечу динехь жинаш хьехийна хилар, уьш хIокху дуьнентIехь уьш хилар цхьа а шеко йолуш хIума дац. Жинаш адаманна зен дара а, адамашна цара йо цамгарша то ян лазарте йилла бохург цхьанхьахь дуьйцуш хезна хIума дац. Кхечу динехь болу наха а леладо и бозбуанчаш дукха фильмаш ю керста нехан мозгIарш адамашна чу долла жинаш ара доху бохуш.

Делахь, Бусулбан динехь а, вайн къорI тIехь дукха билгалонаш ю уьш нийса ца хилар бохуш дуьйцу Шайха Къарткъави Юсофа.

Къарткъави: Жинаш билгал долуш ду. Кхечу динаш тешалла до уьш ду аьлла. Амма, церан хIун юкъаметтиг ю адамашца! Уьш адамийн дегIех дахана адамаш кара а дерзийна, цу адамехул дист а хуьлуш ницкъ болуш ду аьлча со ца теша. Бусулбан баккхий Iелам нах ца теша цу хIуманех. Бусулбан Шайхан Ибин Таймианна ца хетта иза нийса.

Суна хетарехь, Дала жинийн ка далийтира дац адамашна тIеIаткъам бан. Дела бохучунна дуьхьал хир ма ду иза. Дала аьлла « ша адам лерина», « ша адам шайн векал дина латтахь. Латтахь а, стигалахь мел долу хIума цуьнан хьалхар лела ма дина ша».

Дала КIоръан тIехь бохуш хилча, жинашка адам кара муха дерзадаийта Дала. Вайна бIоста дерг ма гина. Пайхмара Сулемана жинаш шайна хьалхара лелийтина ма ду. Цул сов, Царна таIзар деш хилла Сулеман пайхмара, дIадоьхкуш хилла.

КIоръан тIера «Ал Намал» Сурат тIехь, адам чIогIа хилар билгал до Дала. Адам шайн Iилманца а, хьекъалца жинел чIогIа ду. Таханалерчу дийнахь адам чIогIа хиларна тешаллаш дукха ду. Адамо хIара Iалам а, хIордаш а, серло а, аьзнаш шайн кара дерзийна.

Дуьненан хиламаш технологи а, коммуникаци а, тIурнене - ша ерш шайна пайдехьа ерзийна адамо. Иза билгало ю адам жинел чIогIа хилар, Ткъа жинаш адамийн дегIех дулий, адамаш кара дерзо бохург харца ду. Уьш адамшна хIитта бIарлагIаш ю.

ШайтIано «сан шуна дуьхьал цхьа а ницкъ бац я дан оллал дац шу Iеса девла ас бохург деш ца хилча» аьлла ду.

Суна хетарг, и нах жинаш дегIе доллу цомгаш бац, цхьаьцца Iелам нах ма аьллар, Син цамгарша психологи галъяьлла бу.

Къарткъави Юсоф гоьваьлла дин шайх ву. Мисаран махкара АзхIар олу Дин университетера кандидат дешна Бусулбанан динах лаьцна 120-ал сов жайнаш яздина ву. Бусулбан нахана а бусулба боцчарна дика вевза Къарткъави. Таханалерачу дийнахь дуьненаюкъара Бусулбанан Iелам нехан кхеташонна хьаькам а ву.

ТIом гина адамаш дукха хьолехь син баланаш боцуш ца хуьлу. Жинаш йина ца бохуш психологи лоьрашка дарба леладайта деза иштта балехь болчарна олу Урдунера нохчаша дегIастанара жинийн лазарте хьехийча.»

Кхунах тера

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG