ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIемаша бохийна нах маца боьрзур бу цIехьа?


ГIалгIайчоь -- Карабулакерчу "Промжилзона" меттигехь бехачу нохчаша мацалла кхайкхийра Соьлж-ГIаларчу Iедалшка шаьш цIехьадерзор доьхуш, 23Лах2012
ГIалгIайчоь -- Карабулакерчу "Промжилзона" меттигехь бехачу нохчаша мацалла кхайкхийра Соьлж-ГIаларчу Iедалшка шаьш цIехьадерзор доьхуш, 23Лах2012

Нохчийчохь тΙемаш лаьтташ, махках а бевлла, дукха нах беха дозанал арахьа. Церан гΙайгΙанашца доьзна хир ду Маршо Радионо кху кΙиранна ладогΙархошна хьалха хΙоттаде хаттар.


Нохчийчохь тΙемаш лаьтташ, махках а бевлла, дукха нах беха дозанал арахьа. Церан гΙайгΙанашца доьзна хир ду Маршо Радионо кху кΙиранна ладогΙархошна хьалха хΙоттаде хаттар.

Маца, хΙун хьелаш даймахкахь хΙиттича цΙехьабоьрзур бу мухΙажирш? ХΙун дан догΙу Нохчийчуьрчу Ιедало уьш махка юхабахкийта?

Къамелехь дакъалаца лаам болчо зΙе тоха иштта: Чехин код +420, цул тΙаьхьа 724 019 832. Боцца горгали схьахьажийча а тоаме ду тхуна, тхо тхаьш девр ду духьал зΙене.

SMS яийта а таро ло тхан Мегафонан лоьмар тΙе: + 7 926 23 60 4 65. Цуьнца шайн къамел дIаяздайта а аьтто бу шун.

ЗΙе тхоьца карайойла ду Маршо Радион сайтехула а: www.radiomarsho.com

XS
SM
MD
LG