ТIекхочийла долу линкаш

Цхьанатоьхна Штаташ: ХьагI а, Безам а


Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташ -- Бостонера марафонехь беллачеран хIолламна тIехь диина косташ, 25Оха2013

Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташ -- Бостонера марафонехь беллачеран хIолламна тIехь диина косташ, 25Оха2013

Iамеркахой чIогIа холчехь бу хIокху беттан 15-чехь Бостонехь хилларг хIун дара а, шайн махка ваха веанчу шина нохчочуьн эккхийтар дан хIун бахьана дара а, кхета лууш. Цуьнан жамI ду, цхьана агIора хеза исламофобин къамелаш, вукху агIора – гуш йолу, тардала гIертаран билгалонаш. Маршо радион Iамеркера корреспондента Солаш Ричарда язъйина оцу хьокъехь материал


Политикаш, эксперташ, могIарера Iамеркахой а тIаьхьакхиа лууш бу хIокху беттан 15-чу дийнахь Бостонехь хиллачунна а, нохчийн ши иммигрант террорах хьакхавалар муха нисделла те, а бохучух. Кхераме шорлучу хаттарна жоп лаха хьожуш ю пачхьалкх. МаьI-маьIIера исламана дуьхьал жигара къамелаш хеза. Вукху агIора, собаре кхойкхуш хеза.
Раш Эрик, ша аьллачунна тIе критика оьзначу комментаторах дуьххьарлерчех цхьаъ вара.

Эккхийтар хиллачу хьалхарчу сохьташкахь, уьш хьан дина къасточу муьрехь, шен твиттер тIе цо яздира «СаIуди Iаьрбийн пачхьалкхера ву моьтту шена зуламхо» аьлла. СаIудин Iаьрбийн пачхьалкхера стаг лаха хIиттира Iедалш. Амма дукха ца Iаш и йоза дIадаьккхира.

Кхечу твиттер лелорхочо Рашега, "кхин ойла ца еш, бусулба нах бехке бой ахьа", аьлла хаьттича, «ХIаъ, уьш зуламхой бу. Уьш массо а байа беза», аьлла жоп делира.
ТIаьхьуо, ша бегашна яздинера иза, элира Раша.

Лелхийтарш дина кIира даьлча, Цхьанатоьхначу Штатийн конгрессмен хиллачу Волш Джоувис элира керланийн MSNBC канале.

Волш: "Вай тIамехь ду. Даханчу кIирнахь вайн пачхьалкхана кхин цкъа а дагадаийтина, вай луьрачу тIамехь хилар. Вайн иммиграцин хаттаршкахь, соцунгIа хилла ца Iаш, вай къастон деза, оцу тIамехь вайн мостагIа мила ву: къона бусулба божарий.»

2001-чу шеран Гезгмашин 11-чу дийнахь кеманашца тIелатар хиллачул тIаьхьа, Нью-Йоркерчу полицино шен бIаьрган-Iуналле ийцира бусулба нах мел беха кварталаш. Федералан Къайлахчу Сервисо талламан хаамаш вовшахтоха болийра бусулба наха лаьцна а, кхечу къомаха болчу нахах лаьцна а. Къомна кхерамазалла ларъян Iалашонца деш ду иза бохуш, Iедалша дуьйцучу юкъанна, и программаш конституци йохош ю элира, цхьаболчу критикаша.

Охан-беттан 23-чу дийнахь аьрро-агIора гIертачу Fox News машин хьешо Беккел Боба элира, «Суна хетарехь, цхьана юкъанна мукъа а, вай боккъалла а хадон деза, вайн махка деша богIучу бусулба студентийн терахь. Оцу юкъанна вай хьовсур дара вайгахь долчу хьоле. Сацам бийр бара, кхузара цхьаболу нах шайн цIахьовсон беза я набахтешна чубохка беза.»

Охан-беттан 26-чу дийнахь конгрессмена Рорабачер Данас куьйгалла дира Арахьарчу ГIуллакхийн Комитетан «Исламистийн экстремизм Нохчийчохь. Цхьанатоьхначу Штаташна Кхерам» цIе йолчу ладогIаршкахь. ЖамI деш вистхуьлуш цо элира, «со догйовха ву, бераш дайа иракархIотточу динна дуьхьал вай массара а цхьаний болх бийриг хиларх.»

Оццу хенахь, масех Iамеркера бусулба организацино а емалдира, исламофобин эвсара дийцарш а, бусулба нахана дашца а, ницкъаца а кхерамаш тийсар а.

Веддади Насер, Бостонехь туп тоьхначу Iамеркан Исламан Конгрессан директор ву. И конгресс, тайп-тайпанчу динех болчу нехан юкъаметтигаш нисъеш а, адамийн бакъонашкахьа къуьйсуш а ю. Насера бахарехь, 2001-чу шарахь дуьйна кхоллаелла цхьа кеп ю, бусулба нах баха езаш йолу.

Веддади: «ХIетахь дуьйна, хIаъ, ишта цхьа кеп яра. Терроризмах хьакхалуш долу хIуъа а эккхахь, я бусулба зуламхойх лаьцна хIума иза хилахь, исламофоби эвсара йолу. Иза ларамаза хуьлуш хIума дац. ХIунда аьлча, цхьа ницкъаш бу, боккъалла а бусулба нах гуттар а хир болу террорахой санна гайта лууш. И тайпа кхетам алсамбаккхарна гIо деш болу ницкъаш бу уьш.»

Амма, боху, Веддада, цунна «гIортор а гина юкъараллин тобанашкара, могIараречу нахера, иштта, Iедалшкара а.»

«Даханчу кIирнахь кхузахь Бостонехь суна хезначунна жамI дича, дукхах болчу Iамеркахоша нахана а, юкъараллашна а юкъахь башхаллаш йо», элира цо. «Уьш кхета, бомбанийн аьхкаша дискриминаци еш ца хиларх».

Охан-беттан 18-чу дийнахь Iамеркан президенто Обама Барака а элира, «Къизаллина хьалха... оха доттагIалла хоржу, оха безам хоржу».
XS
SM
MD
LG