ТIекхочийла долу линкаш

Шемин премьер-министр валанза ваьлла




Шемин пачхьалкхан телехьожийло хаам барехь, Демаьшкахь кΙело а йина, эккхийтар дина мехкан премьер-министрна ал-Халкъи Ваэлна дуьхьал. Ингалсехь куп тоьхначу бакъоларъярхоша-шемахоша тоьшалла до, цхьана школана уллехула премьеран эскорт чекхйолуш динчу эккхийтаро вийна 6 стаг, шайлахь ал-Халкъин салардархо а волуш, бохуш.

ТΙаьххаьарчу беттанашкахь хиллачу лелхийтарша алссам зенаш дина Демаьшкана. Ткъа хьал эшна латтарна Шемин Ιедалша бехкебо гΙаттамхой.

Конфликт лаьттачу шина шера чохь вийна ларало Шемахь 70 эзар сов стаг.
XS
SM
MD
LG