ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

200 стаг вийна кΙиранах Иракъехь




Масситта молханах юьйлина машен эккхийтина Иракъан малхбалерчу къошташкахь. Белларш иттанашкахь бу. Лаххара а 9 стаг кхелхина, ткъеха лазийна

Амара-гΙалахь цхьа машен иккхича. Дийвания-гIалахь динчу шолгΙачу эккхийтаро хадийна 7 стеган дахар. Иштта машен эккхийтина 2 стаг а вуьйш, 12 лазийна Кербел-гIалахь а.

ТΙаьххьарчу кΙиранах Иракъерчу лелхийтаршкахь велла 200 сов вахархо. Бехк тΙе ца эцна шена цхьаммо а.

Махкара хьал эшийна полициний, гуламашка бевллачу суннаташний юкъадоьллачу девнаша. Суннаташа шайн бакъонаш хьешарна бехкедо Иракъехь шайл кΙезиг болчу шиΙатех хΙоттаделла Ιедал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG