ТIекхочийла долу линкаш

Хьорсанахь ши салти иккхина




Нохчийчохь кΙирандийнахь ши эскархо кхалхар толлуш ду Ιедалш. Оьрсийчуьра контрактца баьхкинчу гΙуллакхойх ву Шуьйтан лаьмнашкарчу Хьорсана гергарчу хьаннашкахь иккхина ши салти. Минанаш ехкинарш хилла, талламчаша чΙагΙдарехь, лаьмнашкара гΙаттамхой.

Кавказ-Имаратан лидер Умаров Докка схьаваьлла юьрт ю Хьорсана. ТΙамо ерриг а санна хΙаллакйира иза. 30-ттех доьзал бен а ца бисина юьртахь.
XS
SM
MD
LG