ТIекхочийла долу линкаш

Европан кхело сацам бина Тимошенко Юлиян хьокъехь



Украинан премьер-министр лаьттина Тимошенко Юлия кхеле озош а, набахтехь кхобуш а Ιедало хьаьшна цуьнан бакъонаш, аьлла сацам тΙеэцна Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело.

2004-чу шарахь Украинехь гΙаьттинчу демократин боламан лидерна Тимошенкона 7 шо хан туьйхира 2011-чу шарахь, ша Ιедалехь йолуш Оьрсийчоьнера газ оьцуш, цо, шена са а йоккхуш, зулам дина, аьлла. Ткъа зудчо чΙагΙдо, Украинан президента Янукович Виктора политикан дахарх хадош набахте хьажийна ша бохуш.
XS
SM
MD
LG