ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Жаннаш духкуш лецна Косовора лоьраш



Европан прокуратуро талла долийна Косовон шахьарахь Приштинерчу цхьана клинико, низамехь а талхош, 23-зза цомгушчу нахана жаннаш дохкарца доьзна гΙаттийна дов. Хьалхо оццу хьокъехь меттигерчу кхело таΙзар кхайкхийра 5 лорана, царех 3 набахте а хьажош.

Прокурораша чΙагΙдарехь, лоьраша жаннаш эцна, ахчан дуьхьа уьш дохка реза хиллачу нахера Оьрсийчохь, Украинехь, Молдовехь, Казахстанехь, Беларусехь, Туркойчохь. Мах луш хилла 15-15 эзар доллар. Ткъа лоьраша шаьш мискачу нахера эцна и жаннаш 100-100 эзар долларх юхадоьхкина Израилерчу цомчушчарна.

Приштинехь оцу кепехь жаннаш дохкар даьржина лору говзанчаша 15-тех шо хьалха, Косовон сербашца тΙемаш лаьттачу заманахь дуьйна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG