ТIекхочийла долу линкаш

Лелхийтарш ца совцу Иракъехь




Лаххара а бархΙ стаг велла Иракъехь машенийн лелхийтаршкахь. БагΙдадерчу Ал-Хьусайнийахь хилла цхьа эккхийтар. Кхоъ кхелхина цигахь. Кхечунхьа машен иккхича велла иттех стаг, шайлахь милцой а болуш. Эл-Фалуджехь кхо милцо велла, 15 маьрша вахархо лазийна.

ТΙаьххьарчу кΙиранах оцу кепара динчу лелхийтарша дΙадаьхьна 240 иракъхочун дахар. Тергамхоша чΙагΙарехь, суннаташний, шиΙаташний юкъадоьллачу девна тΙаьхьало ю и бохамаш.
XS
SM
MD
LG