ТIекхочийла долу линкаш

Мордоверчу набахтехь гΙаттам иккхина




Мордови-махкарчу лоьмар 7 йолчу набахтехь мацалла кхайкхийна 30 кавказхочо, хаам бо цигахь чохьбохкучийн гергарчара. Амма шайн цΙерш ца яхар дехна хаам бечара. Цхьана гергарчо, Мохьмада, тоьшалла до, оцу набахтино Ιазапехь кхобу бусулба кавказхой, бохуш. Ламазаш дан бакъо ехкар а, баьлла бехк а боцуш, таΙзарш деш, шаьш сих-сиха тΙулган чоьнаш чу кхуьйсуш хилар а Ιаьткъина тутмакхашна, леткъамаш бо церан гергарчара.
XS
SM
MD
LG