ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юха а Гуантанамера Iамеркан набахте дIакъовла воллу Барак Обама


lамеркан Цхьанатоьхна Штаташ - адамийн бакъонашларъярхой бу коьрта lаьржа хlума тиллина, Гуантанамера набахте дlакъовлар доьхуш, Вошингтонера Кlайчу Цlенна хьалха лаьтташ, 11Оха2013
lамеркан Цхьанатоьхна Штаташ - адамийн бакъонашларъярхой бу коьрта lаьржа хlума тиллина, Гуантанамера набахте дlакъовлар доьхуш, Вошингтонера Кlайчу Цlенна хьалха лаьтташ, 11Оха2013

Iамеркан президенто Обама Барака дIахьедар дина, кхин цкъа а Гуантанамера Iамеркан набахте дIакъовла хьажа воллу ша, аьлла. Терроризм лелорна шеко хиларна, цу набахтехь латточу бIеннаша тутмакхаша мацалла кхайкхина дукха хан йоццуш, билгалъяьккхина хан йоцуш, кховдош бехк боцуш, шаьш лаьцна латторна доьхьал. КIайчу ЦIийнахь вистхуьлуш Обамас элира, Гуантамера тутмакхаш лаьцна латточу центро пачхьалкхан хьашташна зе а до, «маьIнечу Iалашонашца» иза йогIуш а яц аьлла. Амма конгрессменаша хIинццалц дуьхьало йина цунна.

КIайчу ЦIийнахь къамел динчу Iамеркан президенто дагаяхкийтира, дукха хан йоццуш, террор лелорна шеконашца лаьцначу нахана тIехь йина кхелаш. И тайпа гIуллакхаш тIеман трибуналашка бен къаста ца ло бохург керстадеш яра уьш, Обамас бахарехь. Дуьххьара Гуантанамера набахте дIакъовла гIоьртича, Конгрессо дуьхьало йира президентана. Амма ша юха а низамашкховдорхошца долу дагадовларш карладохур ду элира Обамас.

Гуантанамехь юх-юха а проблемаш лелхарх ша цец ца волу элира журналисташка, Iамеркан президенто. «И набахте пайдехь яц. Дуьненаюкъахь тхан сий дожадо цо. Террораца къийсам латош, тхан бертахойн цхьанабелхана тIеIаткъам а бо. Иза дIакъовла еза», бохуш вара иза.

Гуантанамера цхьаболчу тутмакхаша шераш даьхна еш кхел а йоцуш, кховдош бехк а боцуш. «Иракъера тIом чекхбаьлла, ОвхIан-махкара набахтийн системина тIехьажар меттигерчу Iедалийн караделла, цундела, Кубера набахте дIакъовла еза,» аьлла тIетуьйхира Обамас. Цо билгалдаьккхира, Гуантанамехь латтош болчарца дерг къастон шена Конгрессан гIо оьшуш хилар.

Гуантамера тутмакхаша мацалла кхайкхор бахьана хIоьттина, церан долахь мел йолу хIума теллина ца Iаш, иза схьаяккхар. Схьадаьхна гергарчара яздина кехаташ, суьрташ, юристашка дIасакхехийина кехаташ а. Ца магийна хIума, шайга деллачу КIуръанашна юкъа лачкъийний хьажа, уьш а дIадаьхна. Цул сов, цхьаболчу адвокатийн хьесапехь, кховдош бехк боцуш, итт шо сов хан яьккхина тутмакхаш а бу цигахь.

Даханчу мукъа деношкахь мацалла кхайкхийначарна, уьш цкъа цхьацца а баьхна, нуьцкъала хIума яон хьаьвсинера набахтин хехой. Вукхара дуьхьало йина.
2008-чу шарахь ша президентан харжамашка воьдучу хенахь, 2010-гIа шо кхачале, шайн мехкан сий дойуш йолу, Гуантанамероа набахте дIакъовлур ю аьлла, дош делира Обама Барака. Амма 2011-чу шеран Зазадоккху-баттахь карлаехира, цу набахтехь латочу нахана тIехь еш хилла тIеман кхелаш. Цул сов, куьг яздира, нагахь санна, Гуантанамехь лаьцна латтош волчу стеган гIуллакх къасточу хенахь, цунах Цхьанатоьхначу Штатийн кхерамазаллина ладаме кхерам буйла къастахь, бехк ца кховдош, тутмакх кхин дIа а сецон бакъо луш, леррина хIоттийначу процедурина.

2002-чу шарахь Дечкен батахь Буш Джорджан жимачуьн администрацино схьайиллина ю Гуантанамера набахте. Карарчу хенахь цу набахтехь 166 тутмакх ву. Царах 100 сов мацалла кхайкхийна ву.

Карарчу хенахь цигахь цхьа Оьрсийчура тутмакх ву - Мингазов Равиль. 2002-чу шарахь Пакистанехь лаьцна ву иза. ХIинца а бехк ца кховдийначарех ву иза а.
2001-чу шеран гурахь ОвхIан-пачхьалкхехь 8 оьрсийн вахархо йийсаре а вигина, Гуантанамерчу тIема базе хьажийнера Iамеркан эскарша.

2004-чу шарахь, Чиллан беттан 28-чу дийнахь царах 7 Оьрсийчоьне дIавелира Цхьанатоьхначу Штаташа. Церан гIуллакхаш оьрсийн кхелашкахь къастийначул тIаьхьа, оьрсийн набахтешка хьовсийра. Оьрсийчоьнан прокуратурин хьесапехь, уьш массо а радикалан исламан организацша шайгахьа а баьхна, цул тIаьхьа ОвхIан-пачхьалкхех хьовсийнера, тIалибийн агIора тIемаш бан.

Уьш бара, Башкортостанера Хаджиев Шемил а, Гумаров Равиль а. ГIебарта-Балкхаройчура Кудаев Руслан а, Одигов Руслан а. ГIезалойчура Вахитов Айрат а, лакхахь хьахийна волу, хIинца а Гуантанамехь хан токхуш волу Мингазов Равиль а. Челябинск-гIалара Акмеров Рустам а, Тюмен-кIоштара Ишмурадов Тимур а.

Царга оьрсийн прокуратуро кховдийна бехкаш, низам дохош доза хадорца а, ахчанах нехан тIаме бахарца а доьзна дара.
XS
SM
MD
LG