ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Доза къуьйсу овхΙанхоший, пакистанхоший




ОвхΙанхоша а, пакистанхоша а къуьйсучу пачхьалкхийн дозанехь ОвхΙанистанан хадархойх шиъ вийна, кхоъ лазийна шина мехкан эскарийн вовшашца хиллачу тΙематасадаларехь. Пакистано а официалехь чΙагΙдо, шайн кхо салти лазийна бохуш. И хилла, Маршо Радион Кабулерчу сервисо хаам барехь, Нангархар-кΙоштахь.

Пакистано деношкахь дозан доладан хΙоттийна гΙишло йохийна ОвхΙанистанан эскархоша. Хиллачу зенашна бехк вовшашна тΙетоьтту шина а пачхьалкхо. Дикка хан ю Нангархарехула чекхдолу доза агΙонаша къуьйсу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG