ТIекхочийла долу линкаш

Ломан Карабахна гонахара хьал телхина




Азербайджананний, Эрмалойчоьнанний дозанера хьал талха доьлла тΙаьххьарчу дийнахь-буса, хаам бо шина а агΙонан хьостанаша. Ломан Карабахехь герзаш совцош бина барт бохийна эрмалоша, чΙагΙдо Бакох. Азербайджанан тΙеман министралло дийцарехь, Чайлы, Юсифжанлы, Ашагы, кхин а массех юьртан йистошца лаьттина тΙеман кхийсарш. Эрмалойчуьра хиллачун хьокъехь хаамаш баржаза бу цкъачунна.

ТΙаьххьарчу кΙиранах 300 сов агΙнийн кхийссарш хааделла тергамхошна.
XS
SM
MD
LG