ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бхутто ер теллина прокурор ша а вийна Пакистанехь




Пакистанан полицино бечу хаамца, премьер-министр лаьттина Бхутто Беназир ер толлучу кхелера Ιедалан цΙарх бехк тΙебахьархо Зулфикъар Чаудхри вийна пΙераскан дийнахь. Исламабадехь, иза кхеле воьдуш, эккхийтина цуьнан машен. 2007-чу шарахь терактехь Бхутто ер толлуш вара Чаудхри.

Премьер-министр Бхутто Беназир йийна хир яцара цуьнна кхерамзалла латтийна хиллехь, аьлла, прокурораша 6 шо хьалха бехке вира Пакистанан президент Мушшараф Первез. Вийна волу прокурор Зулфикъар 2008-чу шарахь Мумбаи-гΙалахь дина эккхийтар толлуш а вара карарчу хенахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG